Царна гена ца бевлла ӏеламнах а. Шайн къоман, шайн ненан мотт бийца, деша а, яздан а ца хууш болу нах шайн коьрте хӏиттош къам хир дац дуьненахь. Вешан ненан мотт боцург кхечу къаьмнийн меттанаш ӏамо гӏерта вай. Дала массо а къомана шена-шена мотт белла. Оцу Дала нохчийн къомана беллачу вешан ненан меттан пусар хӏунда ца до вай? Иза лар-бан, кхио, хьоле бан хӏунда ца гӏоьрта вай? Ненан мотт дӏабаьлча, къам дӏа ма долу. Цуьнан ойла хӏунда ца йо вай?
Нохчаша йицйина къоман хьалхалера говзаллаш. Масала, исбаьхьа йозанца яздина чарташ, истангаш, вертанаш кечдар, хал-къан дарбанаш. Цхьа наггахь стагана а бен ца хаьа нохчийн маттахь диттийн, бецийн, акхаройн, олхазарийн, сагалматийн цӏераш. Шайн къоман мотт, истори, культура, шира говзаллаш а йоӏ-бӏаьрг санна ларйо луларчу дегӏастанхоша, къаьсттина а суьй-лаша.
Сих ца луш, хьекъале ойла а еш, вовшех дага а довлуш, генна хьалха а хьовсуш, къинхьегамца ондда бух а буьллуш вешан къоман тӏехиндерг кхолла ца хаьа я ца лаьа вайна. Генна тӏаьхьалонга ца боьду атта некъ а къастабой хьалха дӏагӏерта. Тӏаккха, цо цхьана берда йирте далийча, юха а ваьш схьадуьйла-деллачу хьалхалеррачу юьхьиг тӏе духадоьрзу...