Тезетахь баккхий нах ламазана дӏасабевлча, кадам бан тӏебаьхкинчу кегийрхошна моллин меттана доӏа деш хоий а ӏара. Сан дерриг а берийн нохчийн, бусалба а цӏераш ю. 1960-чу шарахь дуьйна-ас даима коьртахь нохчийн холхазан куй-лелий-на. Иза коьртахь болуш партийн пленумашка, конференцешка, депутатийн сессешка, съездашка а вахана. И куй лелийна ас Москвахь со доьшуш волуш а, кхечу пачхьалкхашкахь а. Соьга уьш ма леладе бохуш цхьа а вацара, аларх со вуха а вер вацара. Со партира, балхара дӏа а ца ваьккхира.
Оцу лакхахь ас бийцинчу «культурни» нахах цхьаберш СССР, КПСС дӏаяьлча имане баьхкина. Хӏинца цара коьртахь куй я пес лелайо, маж-мекх а дитина, церан каралаьцна суьлхьанаш а хуьлу, шайн къамелехь сих-сиха Делан цӏе а йоккху. Цхьаццан-га хотту ас: «Пхи-ялх шо хьалха-м кхин ма дара шу, хӏинца цӏеххьана ма чӏогӏа нохчий, бусалбанаш а хилла шух?!» — олий. «Хӏетахь кхин зама ма яра...» — олу цара. Дависа шен делаӏ, цхьана заманахь, цхьана ӏедална кӏел долуш бусалба дин, нох-чийн мотт, гӏиллакхаш а дӏатуьйсуш, кхин зама, кхин ӏедал тӏедеъча, бусалбанаш а, нохчий а хуьлуш муха хуьлу? Ишта хий-цалучу нахах муха тешар ву? Кхуза а баьхкина, масала, китайша шайн ӏедал хӏоттадахь, церан мотт, духарш, гӏиллакхаш, амалш а, цӏераш, дич а схьаоьцур ду те вай?
Нагахь санна кхечу динехь долу адамаш я халкъаш хьоьга хьайн бусалба дин дитийта, хийцийта, шайн дине верзо, хьайн хӏусамера, махкара араваккха гӏерташ хьуна ницкъ беш делахь, цара хьайна дуьхьалдаьккхина герз царна дуьхьал а даккхий, хьайн дин, хӏусамаш, даймохк ларбеш дуьхьало яр декхар ду хьан. Амма кхечу динехь долу адамаш хьан дин лоьруш, хьуна ницкъ а ца беш, хьо сийсаз ца веш, хьоьца машаре дехаш делахь, цаьрца мостагӏалла ма леладе, царна ницкъ а ма бе, церан долал-лина тӏе куьг а ма кхийдаде, церан дин, гӏиллакхаш а лоруш; цаьрца машаре ваха, боху бусалба дино.
Нохчийчохь дехаш керста а, жуьгатийн а динехь масийтта къомах адамаш ду. Зорбанехь а, телевиденехула а, наха шаьш-лахь а дуьйцу, цхьаболчу нохчаша и кхечу динехь, кхечу къо-мах долу адамаш кхерош, нуьцкъах, бойуш шайн хӏусамашкара ара а бохуш, уьш дола йоху, бохуш.