Нагахь шен аьтту белахь маьждиг, хьуьжар, школа, больница йина, некъ тобина, хи далий-на, тӏай тиллина я и гӏуллакхаш дечарна гӏо дина, шен халкъана а, махкана а пайдехьа гӏуллакх деш хила веза оцу хьолан да.
Таханлерчу вайн хьолахошна юкъахь цхьа наггахь стаг нис-ло хьаналчу некъашца, хьанал къахьоьгуш хьал-бахам гулбина стаг. Кхин а кӏезиг нисло, оцу Дала шайна беллачу хьал-бахамах гӏийла-мискачарна гӏо деш, юьртана, махкана пайде гӏуллакх деш болу нах. Дукхахболчу наха и шайн хьал-бахам хьарам некъаш-ца, харцонаш, ямартлонаш лелош, халкъан юкъара бахам шайн дола берзош гулбина. Шайн аьтто нисбелчхьана йиша-ваша а, юьртахой а, дерриг халкъ а мацалла делча а, цуьрриг а церан бала а боцуш. Кханалерчу Къематдийнахь Далла хьалха жоп дала дезар ду церан.
Кхузткъа шо сов хьалха, шайн долара стерчий, говраш, вор-данаш, даьхний, готанаш юкъа а йохкуш колхозаш вовшахтоьх-на вайн дайша. Ӏедало нуьцкъаша вовшахтохийтинера и колхозаш. Тӏаьхьа деанчу кхузткъа шарахь оцу колхозашкахь дуьненара дӏакхелхинчу а, хӏинца дийна болчу а бӏе эзарнаш наха къахьег-нера. Церан къинхьегам, хьацар, хьакъ ду колхозийн, совхозийн бахамашна юкъахь. Ткъа тахана цхьакӏеззигчу наха талабо и бахамаш. Даьхний, техника, гӏишлош а шайн дола йоху. Шайн дайн хилла бохущ латтанаш дӏалоьцурш а бу. Къинхетамза хӏаллакйо хьаннаш. Механа деза пепнаш, нежнаш хьоькхуш республикал арахьа дӏадухку.
Латтанаш нехан шайн долахь долчу хенахь, 1926-чу шарахь, нохчий 318500 хилла, ткъа 1989-чу шеран хьесапашца — 956879 бу. Ткъа оцу юккъехь даьллачу 63 шарахь ярташ, шахьарш шор-луш, пачхьалкхан хьашташна дӏалоьцуш а, охунин лаьттан ба-рам лахбелла. Тахана цхьана наха шайн дайн хилла латтанаш дӏалецча, тӏаьхьа тӏекхиъначу 638379 нохчочо хӏун дан деза? Дайн хилла латтанаш ярташна, шахьарщна, пачхьалкхан гӏишлошна кӏел даханчу наха хӏун дан деза? Уьш лаьттан дакъа доцуш бита бохий ткъа бусалба дино?