долчу ӏедале дӏаала деза. Бакъдерг къайлах мехах дохка ца боху бусалба дино. Цундела ду айкхалла эхье, къилахь а лоруш. Къайллах айкхваьллачу стага эцна ахча хьарам ду стагана, Далла хьалха цунах жоп дала деза цо.
Стаг малар мелла юьрта юккъехула лела, шен доьзална а, нахана а бале вала воьлча, стаг дуьххьара къола дина гучуваьл-ча, кхидолу бусалба динца, пачхьалкхан законашца, къоман гӏиллакхашца нийса ца догӏу гӏуллакхаш лело воьлча, иза кхе-то, нисван ца гӏоьрта вай. Малар мелла, хьерваьлча санна, маши-на хоьхку стаг сацо ца гӏоьрта вай, ткъа цо тӏе машина а тоьхна стаг лазийча, я вийча, ӏеламнах коьртехь массо а маслаӏатана, машаряа гӏовтту. Ткъа хӏетталц тийна-тоӏӏий ӏа гергарнаш, юьр-тахой, меттигераӏедал а. ӀПаьш аларх цакхетарг, цанислург ӏедале жоьпе ца озавойту. Далла хьалха а, ӏедална хьалха а вай вешан декхарш кхочушдеш хилча,дуккха а нах, хӏинца санна, шайн доьзалшна, гергарчарна, юьртахошна бале бевлла а, шаьш да-къазбевлла а лелар бацара.
Пачхьалкхан законашца, шариӏатца нисдала ца гӏортахь, кӏез-кӏезнг хедаш иманах, оьздангаллех, къинхетамах дӏахедар ду вайя къам. Царех дӏакъаьстина къам муха дехар ду дуьне-нахь, эхарт а муха хир ду те цуьнан?
Хӏара къамел дешначарна дагадан там бу, вайн къомах цхьа а диканиг ца олуш, вон амалш, сиркхонаш, къинош, лазамаш а ма буьйцу хӏокхо, аьлла.