Цига деша воьдучун куьйгалхошца, хьехархошца гергар-ло я шортта ахча хила дезара. Кхаьънаш эцар шуьйра даьржи-нера республикан ВУЗ-ашкахь. Ткъа цхьацца гергарлонашца я ахчанца цига деша баханчу кегийрхоша муха доьшу а, дешна чекхбевлча, царех муха говзанчаш хуьлура а, цара белхаш муха бора а, хаа хала дацара. Хӏетахь зеделла кхин цхаъ а дара: рес-публикан ВУЗ-ашка тӏе ца эцна нохчийн кегийрхой Москвахь, Ленинградехь, Россин кхечу ВУЗ-ашкахь а конкурсах чекхбов-луш тӏеоьцура.
Бусалба динан ӏеламстаг, уггар хьалха, Делан лай ву, Дала гайтинчу некъа тӏера дӏасахьийза бакъо йоцуш. Ӏеламстеган, ӏилманчин, яздархочун хьекъал, ӏилма а эрна ду, нагахь санна цаьргахь оьздангалла, собар, доьналла а дацахь, шайгара ӏилма цара халкъан гӏуллакхана, халкъана пайденна дӏалуш дацахь. Кӏилло, ямарт, стешхачу стагана хьарам ду ӏилма, иштачу стаге-ра ӏилма адамашна, халкъана зуламе долу.
Хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь, динна маршо яьлча, ӏаламат дукха «ӏеламнах» гучубевлла Нохчийчохь. Къорӏанна тӏера цхьац-ца аяташ нохчийн матте гочдан а, хьадисаш а, эвлияэх дийци-нарш а ӏамийна нахана бусалба динан хьехамаш бан гӏерта уьш. Царех дукхахберш хьарамчух ларлуш бац, бусалба динах йохк-эцар еш бу, шайн аьтто хуьлчу агӏор ӏедална, хьаькамашна бохка-луш бу. ӀПайн гӏуллакхашца, гӏиллакхашца цара бусалба дин сийсаздо, адамаш Делан некъа тӏера галдоху.
Бакъболу ӏеламнах а бу, кӏезиг белахь а. Тхан юьртахь вара шина вешин ши кӏант — Умаев Абубакар, Ильясов Вахьид а. Суна вевзичхьана Дала Къорӏанна чохь бусалба адамашна схьа-гайтинчу некъа тӏехь, диканехь а, вонехь а адамийн гӏуллакхана дӏахӏоьттина вара и шиъ. Шайгара хьекъал, ӏилма а гайта гӏерташ а, царах дозалла деш а вацара. Щена бусалба а, цӏена нохчо а, кхин хуьлийла доцуш оьзда ши стаг вара и шиъ. 30-чу шераш-кахь лаьцна, уггар къизачу лагершкахь итт шо хан яккхинера Абубакара, амма иза цкъа а ца воьхнера бусалба некъа тӏера.