– Мозий дуьйцу ахь?
– Ва, ца дуьйцу, цхьа кегий, къегаш йолу хӏумнаш.
– Накхармозий?
– Ва, хӏан-хӏа. Цхьа иштта кегий, дашо хӏумнаш муьлхха а малонча, царех бӏаьрг кхетташехь, сатийса-мечу ойланашка воьдий дӏаволу. Ткъа со ловзуш вац. Сан йиш яц сатийсаме ваьлла ӏен.
– Хӏа-а, седарчий?
– Хӏаъ, седарчий.
– Пхи бӏе миллион седий? Тӏаккха царах да хӏун до ахь?
– Пхи бӏе цхьа миллионний ялх бӏе ткъе шиъ эзаррий ворхӏ бӏе ткъе цхьайтта. Со ловзаре стаг вац, дурсъаьлла нийса деза суна хӏума.
– Тӏаккха, ахь дан хӏун до оцу дерриге седарчех.
– Хӏун до-о?
– Хӏаъ.
– Хӏумма а ца до-кх. Уьш сан долахь ду-кх.
– Седарчий хьан долахь ду?
– Ду.
– Суна цхьа паччахь а гира, шен долахь...
– Паччахьийн долахь хӏумма а дац. Цара деккъа урхалдо. И кхин гӏуллакх ду.
– Ткъа хьуна стенна оьшу хьайн долахь седарчий?
– Хьал долуш хила, оьшу-кх.
– Ткъа хьолах хӏун дан воллу хьо?
– Керла седарчий эца воллу-кх, цхьамма уьш схьаделлахь.
«Оцу къаьркъанчас дийццинарг ду кхо дуьйцург а», – ойла хилира Жимчу элан. Тӏаккха кхидӏа а хетта велира:
– Седарчий муха хуьлу цхьаннан долахь?
– Седарчий хьенан ду? – гӏам-гӏим дира гӏуллакхчас.
– Ца хаьа. Цхьаннан а дац-кх.
– Делахь-хӏета, сан ду-кх уьш, уьш сайн ду ала, сан хьалха хьекъал кхаьчна дела.
– И тоьуш ду?
– Ду дера. Нагахь санна цхьаннан а долахь доцу цхьа жовхӏар хьуна карадахь, иза хьан хуьлу. Нагахь санна хьуна шен цхьа а да воцу гӏайре караяхь, иза а хьан хуьлу. Нагахь санна цхьа хьекъале хӏума хьуна дуьххьара коьрта чу дагӏахь, ахь цунна патент доккху: иза хьан хуьлу. Седарчий сан долахь ду, хӏунда аьлча, сол хьалха уьш дола даха дагадеъна цхьа а да вац.
– И нийса ду, – элира Жимчу эло. – Ткъа дан хӏун до ахь царах?
– Ас царна ӏуналдо, – жоп делира гӏуллакхчас. – Ас уьш лоьру, юха а лоьру. И чӏогӏа хала болх бу. Делахь а со, ловзарш доцуш, ладаме стаг ву.
Амма Жимчу элана тоьуш дацара и жоп.
– Сан дарин йовлакх делахь, сан иза логах а дихкина, лело йиш ю, – элира цо. – Сан зезаг делахь, иза а, схьа а даьккхина, сайца дӏадахьа йиш ю сан. Хьоьга седарчий дахьалур ма дац цхьанхьа а!
– Дахьалур дац, амма соьга уьш банке охьадахкалур ду.
– Муха?