– Цундела ца хаьа-кх, – элира воккхастага. – Со географ ву, гезданча вац. Гезданчаш бу суна ӏаламат чӏогӏа цатоьурш. Гӏаланийн а, хин а, лаьмнийн а, хӏордийн а, ӏапказ-хӏордийн, есачу аренийн а лерамаш бийриг географ ма вац. Географ – дукха мехал стаг ву цуьнан кхерсташ лела йиш яц. Иза кабинет чуьра араволуш а вац. Амма цо ша волччохь гезданчаш а тӏеоьцу, тӏаккха цара дуьйцург дӏаяздо.Царах цхьамма цхьа кортболу хӏума дийцахь, географ, цхьаццанхьахула зоьй-хоттий, и дийцинарг бакъхьара стаг ву я вац хьожу.
– И стенна оьшу?
Ва, гезданчас пуьташ боьттина хилахь, географин ӏаматаш тӏехь боккха кегаре хир ма бу. Иза молуш хилахь, и гуттар а далатохар ду.
– Хӏунда?
– Къаьркъанчийн бӏаьргаш чохь гуттар а ши сурт хӏутту дела. Тӏаккха цхьа лам бен боцчохь географо шиъ билгалбийр бу.
– Суна вевзаш цхьа стаг вара... Ма ледар гезданча а хир вара-кх цунах, – билгалдаьккхира Жимчу эло.
– Хила там бара. Ткъа хӏинца, нагахь санна гезданча ша бакъхьара стаг хуьлу-кх, тӏаккха цунна гучудаьлларг толлу.
– Муха толлу? Баха а боьлхий хьовсу?
– Ва, ца хьовсу. Цунах дукха йоккха ӏалгӏожа хир яра. Дуьххьал дӏа гезданчера тоьшаллаш доьху-кх. Масала, цо, цхьа боккха лам карийна шена, бахахь, цу тӏера даккхий кхеранаш* дан дезар ду цуьнан.
Географ цӏеххьана шовкъеваьлла хьаьвзира:
– Хьо а ма ву тӏаккха гезданча! Хьо а цхьанхьара геннара кхаьчна кхуза! Хьайн сайратах хӏума дийцахьа, хьайн делхьа!
Тӏаккха географо сила стомма киншка схьайиллира, къолам а ирбира. Гезданчийн хабарш хьалха къоламца дӏаяздо. Гезданчас ша дийцинарг бакъ хиларан цхьана хӏуманца тоьшаллаш далийчий бен, ца яздо уьш шекъанца.
– Со ладугӏуш ву хьоьга, – элира географо.
– Сан-м дац цигахь хӏара аьлла цхьа хӏума а, – вистхилира Жима эла. – Сан цигахь массо хӏума а ӏаламат жима ду. Кхо тӏам-лам бу. Шиъ аьрдаш бу, цхьаъ дукха хенахь дуьйна ӏаяйна бу. Амма хьанна хаьа, хӏун хуьлу...
– Хӏаъ, хӏуъа хила а тарло, – тӏетайра географ.
– Кхин а... цхьа зезаг а ду сан.
– Зезагаш оха билгалдохуш дац, – элира географо.
– Хӏунда?! Зезагал исбаьхьа хӏун хир ду!
– Зезагаш эфемерни хӏумнаш ю.
– Муха – эфемерни?