Суна хьох къахета, – кхидӏа а шен къамел дора лаьхьано. – Гӏирнат* санна, чӏогӏачу кху Лаьтта тӏехь хьо дукха гӏорасиз хӏума ю. Хьайн сайратах болу хьан дагахьбалам хьуна дукха базбеллачу дийнахь со орцах кхочур бу хьуна. Сан хир ду хьуна дан гӏо...
– Со чӏогӏа дика кхийти хьо ала гӏертачух, – элира Жимчу эло. – Амма гуттар а хӏетал-металшца хӏунда до ахь къамел?
– Со массо а хӏетал-метална жоп хууш берг бу, – элира лаьхьано.
Кхин дист а ца хилира и шиъ.
Пана аре а хадийна чекхволуш, Жимчу элана дуьхьал цхьа а стаг ца кхийтира. И берриг некъ беш иза тӏеӏоттавелларг деккъа цхьа зезаг дара – вуно эгӏаза, цхьа а эшъаьлла хӏума доцу кхо жаз долу зезаг-цуьрг...
– Маршалла ду хьоьга, – элира Жимчу эло.
– Сан маршалла хьоьга а, – маршалла дӏаийцира зезаго.
– Ткъа адмаш мичахь ду? – гӏиллакхехь хаьттира Жимчу эло.
Мацах-мацах тӏехйолуш цхьа ковра* хааеллера зезагна.
– Адмашший? Хӏа-а... Уьш верриг ялх я ворхӏ ву, моьтту суна. Дуккха а шераш хьалха гина суна уьш.
Хӏинца уьш мичахь лохур бу а хьанна хаьа. Хьоькхучу мехаша дӏасакхоьхьу уьш. Церан орамаш дац, чӏогӏа ледар хьал ду орам цахилар.
– Марша ӏойла, – элира Жимчу эло.
– Марша гӏойла, – элира зезаго.
Жима эла лекхчу ломан дукъ тӏе хьалавелира. Гоьллец богӏу шен кхо тӏам-лам боцург, цул хьалха цкъа а лаьмнаш гина вацара иза. Цу кхааннах цӏехаьлларг а цуьнан гӏантан метта бара. Лам тӏера дӏахьаьжна: «Хӏинца-м дерриг Латта а, дерриг а адмаш а гур дара суна», – аьлла, ойла хилира цуьнан. Амма, мехий санна, ира, юткъа ирхъихна лаьтта тархаш йоцург, цунна хӏумма а ца гора.
– Де дика хуьлда, – элира цо иштта дӏа... цӏеххьана санна эшахь а аьлла.
– Де дика... дика... хуьлда... хуьлда... – дуьхьал кхайкхира йилбаз-мохь.
– Шу муьлш ду? – хаьттира Жимчу эло.
– Шу муьлш ду... муьлш ду... муьлш ду... –дуьхьал кхайкхира йилбаз-мохь.
– Доттагӏий хир вай, со, пӏелг санна, цхьа-а ву, – элира цо.
– Цхьа ву... цхьа ву... цхьа ву... – дуьхьал кхайкхира йилбаз-мохь.