– Хьо хӏун ю? – хаьттира Жимчу эло. – Хьо ма хаза хӏума ю!
– Со Цхьогал ду, – элира Цхьогало.
– Соьца ловзахьа, – хьаставелира Жима эла. – Цхьа чӏогӏа сахьийза-кх сан...
– Суна мегар дац хьоьца ловза, – элира Цхьогало. – Со карӏамийна дац.
– Эхӏ, бехк ма биллалахь, – элира Жимчу эло.
Тӏаккха, цо аьллачух ца кхетта, ойла а йина, хаьттира:
– Кара муха ӏамош хуьлу?
– Хьо кхузара ма вац, – тидам хилира Цхьогалан. – Ахь хӏун лоьху кхузахь?
– Адмаш лоьху, – жоп делира Жимчу эло. – Кара муха ӏамош хуьлу?
– Адмашкахь тоьпаш ю, юха талла арадовлу уьш. Цхьа дуьне гатдеш хьал хӏутту тӏаккха, ахь бохий ца бохий! Котамаш лелош ӏедал а ду церан. И ду церан дикниг. Ахь лоьхурш котамаш-м яц?
– Яц, – элира Жимчу эло. – Ас доттагӏий лоьху. – Кара муха ӏамош хуьлу?
– Иза, дукха хенахь дуьйна дицдина, юккъерадӏадаьлла хӏума ду, – кхето хӏоьттира Цхьогал. – Уьйраш таса бохург ду и.
– Уьйраш?
– Хӏаъ, уьйраш, – элира Цхьогало. – Цкъа чунна хьо сан хӏун ву – хьо санна болчу бӏе эзар кхечу кӏентех цхьа жима кӏант бен вац-кх. Тӏаккха суна хьо хьашт а вац. Я хьуна со а дац хьашт. Со хьуна гергахь а дац со санна долчу бӏе эзар кхечу цхьогалех цхьа цхьогал бен. Амма ахь со карӏамадахь, вай вовшашна хьашт хир ду. Хьо суна гергахь дуьненахь а цхьаъ бен воцу кӏант хир ву. Со а хир ду хьуна гергахь дуьненахь а цхьаъ бен доцу цхьогал...
– Со хӏинца кхетта вогӏу хьуна, – элира Жимчу эло.
– Дуьненахь цхьа роза ду...схьагарехь, цо со карӏамийнчух тера ду...
– ӏамийна хила там бу, – тӏетайра Цхьогал. – Лаьтта тӏехь ца хуьлуш хӏун ду.
– И Лаьтта тӏехь дацара, – элира Жимчу эло.
Цхьогал чӏогӏа цецделира:
– Кхечу сайрат тӏехь дара?
– Хӏаъ.
– Таллархой буй тӏаккха цу сайрат тӏехь?
– Бац.
– И ду хьуна дош! Ткъа котамаш ?
– Яц.
– Эхӏ! Дурсъаьлла кхачам болуш цхьа а хӏума хирг ца хилла-кх, маржа, кху малх кхетачу дуьненан кийрахь! – доккха садаьккхира Цхьогало.
Жимма ӏийна, юха а шен хьалхалерра къамел дӏадолийра цо: