Цу буса иза дӏавоьдуш, суна ца хиира. Суна тусса ца долуьйтуш, сан бӏаьргъӏуналлера вала хиира цунна. Эххар а хьаьдда со тӏаьхьакхиъча, чехкачу боларехь хецавелла воьдуш вара иза.
– Хӏа-а, хьо ву иза... – алар доцург, цо кхин хӏумма а ца элира.
Тӏаккха сан куьг схьалецира. Цуьнгахь цхьа бала бара.
– Хьашт доцуш вогӏу хьо соьца. Со ган хала хир ду хьуна. Хьуна со леш ву мотталур ду, амма иза иштта дац...
Со вист а ца хилира.
– Гой хьуна... сан гена ваха деза. Сан дегӏ дукха деза ду. Соьга хьаладахьалур дац иза...
Со вист а ца хуьлура.
– Тишъелла чӏуьйриг тӏера охьакхоссар а, иза а цхьаъ ду-кх. Халхета хӏума ма дац и.
Иза гӏеххьа йишйоьхна вара. Хӏетте а кхин цкъа а, дог иркархӏоттийна, со ӏехо гӏоьртира иза:
– И мел дика хир ду, хаьий хьуна. Со а хьожур ву седарчашка. Тӏаккха дерриге седарчий цӏийза чкъургаш йолчу ширчу гӏунех тарлур ду суна. Царах хӏорамма а, хи малийна, сан хьогалла йойур ю...
Со вист а ца хуьлура.
– Дӏа ойлаел ахь, и мел хаза хуьлу! Хьан долахь пхи бӏе миллион горгали хир бу, сан долахь пхи бӏе миллион шовда...
Тӏаккха ша а висира иза вист а ца хилалуш, велхаро юкъахдаьккхира цуьнан къамел...
– Хӏа, схьакхечи вайша. Кхин цхьа гӏулч соьга сайгга яккхийтахьа.
Дукха чӏогӏа кхераваларна, когаш тӏехь латта гӏора ца тоьъна гӏамар тӏе охьахиира иза. Тӏаккха цо элира:
– Хьуна ма хаьа... сан роза... со цуьнан ӏу ма ву, цунах жоп дала дезаш. Ткъа иза цхьа гӏийла хӏума ма ю! Цхьа дагахь хӏума доцуш а. Цхьа декъаза кхо-диъ кӏохцал доцург, хӏумма а дац пекъаран, дуьненах лардала гӏоьртина дуьхьалдаккха а.
Со а охьахиира, сайн когаш хаьдча санна, хийтира суна. Цо элира:
– Хӏа, тоьур ду хӏинца... дерриг а чекхдели...
Кхин а цхьана минотехь ӏийна, хьалагӏаьттира. Ерриг а цхьа гӏулч бен яккха а ца яьккхира. Со меттах ца хьалуш лацавеллера.
Цуьнан когашкахь можа ткъес кхерстира, цхьа халла хаалуш. Бӏаьрнегӏар тухучу юкъана иза, меттаххьар доцуш, сацавелира. Ахӏ а, ухӏ а ца элира. Тӏаккха вуьйжира – меллаша, дитт ма-дожжара. Меллаша, цхьа а гӏар-тата доцуш: гӏамаро дӏа ма худу массо гӏар-тата а.