Ткъа ӏахар безашверг, цхьа а шеко йоцуш, волуш ву», – ахь цаьрга иштта алахь, цара белшаш саттор ю, цхьа а кхетам боцчу бер-тӏорзане санна хьуьйсур бу хьоьга. Амма ахь цаьрга: «Иза Б-612 астероид олучу сайрат тӏера веънера», – алахь, уьш тешар бу, кхин хеттарш деш шаьш хьуна кӏорда а бойтур бац. Иштта къам ду-кх и баккхийнаш. Царна дегбаамаш бан а ца оьшу. Бераш мелхо а оцу баккхийчарах къинхетам беш хила деза.
Ткъа вай-м, дахар хӏун ю хууш долу нах, – вай, цӏенчу бакъонца, кхаьрда оцу лоьмарех а, терахьех а! Ас дог резахиларца, бозбуунчаллех дуьззина долу исбаьхьа туьйра санна, долийна хир дара хӏара дийцар. Суна хӏара, дӏадоло луур дара иштта:
«Вехаш-ӏаш вара Жима эла. И вехаш вара шел жимма бен йоккха йоцчу сайрат тӏехь, иза чӏогӏа догъэшна вара, уллохь доттагӏ воцуш...» Дахар хӏун ю хууш волчу стагана оцу сохьта гур дара, и сан дийцар цӏенна бакъдерг дуйла.
Ас иштта дӏадолор дара, хӏунда аьлча, суна лаъане а ца лаьа, хӏара сайн киншка цхьамма а дан хӏума дацарна, саготталла йоьшийла. Сан даглецамаш дукха ӏийжаме бу, хӏара дийца а дац атта. Ялх шо а даьлла сан доттагӏ шен ӏахарца цхьаьна, со а витина, дӏавахна. Иза сайна вицваларна кхоьруш дуьйцу ас цунах. Гӏайгӏа а, бала а беца – доттагӏий бицбар. Хьен-хьенан а хуьлуш вац доттагӏ. Цхьа терахьаш бен бала кхочуш хӏума доцчу баккхийчарах со дӏатарваларна кхоьрий со-м. Цундела эцна ас сайна басарийн яьшкий, бес-бесара къоламашший. Хӏумма а атта гӏуллакх дац – дерриг дахарехь тӏехуларий, чухуларий и вотангар йоцург, иза а мацах, сайн ялх шо кхаьчначу хенахь, диллина хӏума а доцуш, юха а сурташ дахка волавалар! Сурта тӏехь ма-хуьллу иза тера вилла-м гӏертар ву со. Амма цунах сайн гӏуллакх хир ду аьлла, башха тешна вац со. Цуьнан цхьа портрет дика нисло сан, вукхунна тӏехь верг цунах цхьа чо а тера ца хуьлу. Иштта дегӏана а: цхьана сурта тӏехь дукха онда нисло сан эла, вукхунна тӏехь – дукха эгӏаза. Цу тӏе, цуьнан бедарш муьлхачу басахь яра а ца догӏу дикка дага. Иштта а, вуьштта а дилла-м гӏерта со, хетарехь, алх а, улх а. Цул сов, кӏез-мезга долчу цхьана мехалчу хӏумнаш тӏехь галвала а ма тарло.