Йоьалгӏачу сайратан да чӏогӏа гӏуллакх-некъан стаг вара. Дукха балхана чувоьлла воллучу цо, Жима эла веъана тӏехӏоьттича, ур-аттал корта хьала а ца айбира.
– Де дика хуьлда, – элира цуьнга Жимчу эло. – Цигаьрка дӏаяйна хьан.
– Кхоъий, шиъий – пхиъ. Пхиъий, ворххӏий – шийтта. Шийттий, кхоъий – пхийтта. Де дика хуьлда. Пхийттий, ворххӏий – ткъе шиъ. Ткъе шиъий, кхин а ялххий – ткъе бархӏ. Сирник летош ӏен йиш яц. Ткъе ялххий, пхиъий – ткъе цхьайтта. Оф-ф! Дерриг а и хуьлний хьуна, – пхи бӏе цхьа миллионний ялх бӏе ткъе шиъ эзаррий ворхӏ бӏе ткъе цхьайтта.
– Пхи бӏе миллион – хӏун-стенан?
– Хӏа-а? Хьо хӏинца а кхузахь ву? Пхи бӏе миллион... Ца хаьара дера суна, и хӏун стенан хуьлу-м... Болх дукха бу ӏаламат! Со ловзаре стаг вац, къамелаш деш ӏен! Шиъий, пхиъий – ворхӏ...
– Пхи бӏе миллион – хӏун-стенан? – юха а хаьттира Жимчу эло: цкъа ша цхьа хӏума хаттахь, шена жоп даллалц ӏад ӏаш ӏедал дацара цуьнан.
Гӏуллакх-некъан стаг хьалхьаьжира.
– Хӏара пхи бӏе диъ шо ду, хӏокху сайрат тӏехь со веха, цу ерриг хенахь кхузза бен новкъарло ца йина суна. Дуьххьара, ткъе шиъ шо хьалха, мичара кхечи ца хууш цхьа бумбари кхечира со волчу. Цо цхьа вон гӏовгӏа эккхийтина, хӏетахь сайн вовшахтохаран хьесапехь диъ гӏалат дира ас. Шозлагӏа, цхьайтта шо хьалха, ан хӏоьттира суна. Дукха хиина ӏарна. Кхерсташ лела хан яц сан. Со ловзаре стаг вац. Хӏинца кхозлагӏа... Веъана хӏара кхечи! Жамӏ дича, и хуьлний хьуна, пхе бӏе миллионний...
– Хӏун-стенан миллион?
Гӏуллакхе стаг кхийтира, жоп дала дезий, ца лахь, ша ӏадвуьтур воций.
– Оцу хӏаваэхь наггахь гуш хуьлучу кегийчу хӏуманийн пхи бӏе миллион.
– Мозий дуьйцу ахь?
– Ва, ца дуьйцу, цхьа кегий, къегаш йолу хӏумнаш.
– Накхармозий?
– Ва, хӏан-хӏа. Цхьа иштта кегий, дашо хӏумнаш муьлхха а малонча, царех бӏаьрг кхетташехь, сатийса-мечу ойланашка воьдий дӏаволу. Ткъа со ловзуш вац. Сан йиш яц сатийсаме ваьлла ӏен.
– Хӏа-а, седарчий?
– Хӏаъ, седарчий.
– Пхи бӏе миллион седий? Тӏаккха царах да хӏун до ахь?
– Пхи бӏе цхьа миллионний ялх бӏе ткъе шиъ эзаррий ворхӏ бӏе ткъе цхьайтта. Со ловзаре стаг вац, дурсъаьлла нийса деза суна хӏума.
– Тӏаккха, ахь дан хӏун до оцу дерриге седарчех.
– Хӏун до-о?