– Уггар коьртаниг, бӏаьргашца хьежарх, гуш ца хуьлу. – Цхьогало аьлларг элира Жимчу эло, иза шена дикка дагахь дисийта.
– Хьайн роза хьуна иштта деза а, хьоме а ду, ахь хьайн массо а де цунна дӏалуш хилла дела.
– Ас сайн массо а де цунна дӏалуш хилла дела... – цо аьлларг элира Жимчу эло, иза шена дикка дагахь дисийта.
– Адмаша тоххарехь дицдина и, амма ахь диц ма делахь: хьо айхьа карӏамийнчу массо а хӏуманан гуттаренна а ӏу хилла вуьсуш ву хьуна. Хьо ӏу ву хьуна хьайн розанан.
– Со ӏу ву сайн розанан... – элира Жимчу эло, иза шена дикка дагахь дисийта.
– Де дика хуьлда, – элира Жимчу эло.
– Де дика хуьлда, – вистхилира дуьхьал цхьамзанча.
– Хьо хӏун деш ву? – хаьттира Жимчу эло.
– Некъахой дӏасабоькъуш, – жоп делира цхьамзанчас. – Хӏора цӏерпошта тӏе цхьацца эзар хаош, дӏахьовсабо ас уьш, цкъа хьовсош: цхьа цӏерпошт аьтту агӏор, важа – аьрру агӏор.
Оццу минотехь, корашкара схьаетталуш ерриг серлонаш йолуш, йоккха гӏовгӏа гӏаттийна, цхьа чехка цӏерпошт яхара уллошха тӏехъиккхина, цхьамзанчан бун а техкира, мохкбегийча санна.
– Уьш ма сиха бу! – цецвелира Жима эла. – Цара хӏун лоьху?
Иза ур-аттал машенлелочунна а ца хаьа, – элира цхьамзанчас.
Вукху агӏор, иштта кораш сегаш, гӏовгӏанца тӏехъиккхира кхин цхьа чехка цӏерпошт а.
– Хӏинцале юхабирзи уьш? – хаьттира Жимчу эло.
– Хӏан-хӏа, уьш кхинаш бу, – элира цхьамзанчас, – иза дуьхьал йогӏу цӏерпошт ю.
– Шаьш хьалха хиллачу меттехь дика хилла хир дац царна?
– Вай доцчу меттехь ду гуттар а дика, – элира цхьамзанчас.
Оцу юкъана кхоалгӏа чехка цӏерпошт а яхара, уллошха тӏехъиккхина, ерриг а сегаш.
– Уьш хьалха дӏабаханчарна тӏаьхьа кхиа дагахь бу?– хаьттира Жимчу эло.
–Уьш хӏумма а дагахь а бац, – элира цхьамзанчас.
– Вагонаш чохь уьш я набарш еш, я, набарна бетий, багош а гӏиттош ӏаш хуьлу. Деккъа цхьа бераш хуьлу сема, марош а чӏапдой, кораш тӏелетта дохкуш.
– Цхьана берашна хаьа-кх, шаьш лоьхург хӏун ду, – элира Жимчу эло. – Шайн массо а де бехчалгех йина тайнаг ловзош дӏахьо цара, иза царна ца хилча ца тору доттагӏ хуьлий дӏахӏутту, ткъа шайгара иза дӏаяккхахь, бераш доьлху...
– Шайн ирс ду-кх, – элира цхьамзанчас.