– Дӏовш тоъал чӏогӏа дуй хьан? Дукха ӏазап лан-м дезар дац сан?
Со сецира, дагна хорам хуьлуш, амма тӏаккха а цхьанна а хӏумнах кхеташ вацара.
–Хӏинца дӏахила, дӏабало, – элира Жимчу эло. – Со чукхоссавала воллу.
Лаха охьахьаьжна со со лаьттачохь хьалакхоссавелира! Пенан кӏожехь, Жимчу эле хьалакховдийна корта а болуш, чӏуг хилла ӏуьллура ша лаьцна хӏума эха минотехь леш долу можа лаьхьалг. Тапча схьаяккха кисна куьг а дохуьйтуш, со, со ма-ваддалу ведда, цунна тӏехьаьдира. Сан когийн тата хезна, и лаьхьалг, лешдолчу хин татолго санна, гӏамар тӏехула яйн чӏуг тоьхна, халла хезаш, ачках хӏума хьакхаелча хуьлу зов а доккхуш, цхьа парттал текхна, тӏулгаш юккъехь къайлабелира.
Пена тӏера чукхоссавелла сайн Жима эла схьалаца, сайн хеннахь тӏекхиира со. Иза ло санна кӏайвеллера.
– Сан жимниг, и хӏун ду хьуна дагдеънарг! – марахьарчийра ас иза. – И хӏун къамелаш ду оцу лаьхьарчашца ахь дийраш?
Ас цуьнан цкъа а хуьйцуш йоцуш лелош йолу дашо шарп схьаяьстира. Лергъуллош хи хьаькхна яша а йина, юха шега а хи малийтира. Амма цуьнга кхин хӏумма а хатта ца хӏоьттира со. Иза, цкъа леррина сан бӏаьргаш чу а хьаьжна, сан логах хьаьрчира. Суна, топ кхеттачу олхазаран санна, цуьнан детталун дог хааделира.
– Суна чӏогӏа хазхета, хьайн машенан галдаьлларг хӏун хилла, хьуна хиъна, – элира цо. – Хӏинца цӏа ваха аьтто бу хьан...
– Хьуна мичара хаьа и?!
Со, айса цуьнга хӏинцца олу бохуш, ма воллу: дагахь доццучу агӏор и кема тодан аьтто бели хьуна сан! Сан хаттарна жоп ца делира цо, цо кхин элира:
– Со а гӏур ву тховса цӏа. Тӏаккха, гӏайгӏане воьдуш, тӏетуьйхира:
– Иза ахь бан безачул дуккхазза а гена а... дуккхазза а хала а некъ бу...
Цхьа тамашийна дара и. Ас, жима бер санна, къевллина марвоьллинера иза, амма, цхьана бух боцчу ӏино чуийзош санна, шершшина иза сайн карара волуш хаалора суна, иза сацо сан ницкъ а бацара.
Иза, ойлане вахна, цхьанхьа генна дӏахьоьжура.
– Соьца хьан ӏахар хир ма бу. Яьшка а... Муцӏархъюллург а...
Иза сингаттаме велакъежара.
Со вехха ӏийра, иза меттаваре хьоьжуш. Юха иза меттаван вуьйлира.
– Хьо кхеравелла, сан жимниг... – хьаьстира ас иза.