Къиза ду хьан туьйра,
Ткъе пхоьалгӏа шо.
ӏаьржа-Хожа — гуьйре,
Хӏинца туьйли хьо.
Сенаш долу ма́ха
Пхьуьшах боьллина,
Да́ха накъост-да́хар,
До́цург кхоьллина.
Де́ра жӏаьлеш-мархаш
Лета некъах сан.
Хӏокху Нохчийн махкахь
Со ву цхьалха стаг.
Малхах йоьлуш лета
То́ба хьаргӏанийн.
Нах а хьуьйсуш хета
Сайга кхардаме.
Амма хаьа, йоца
Хиларх къо́на хан,
Йамартлонаш йоцчохь,
Воций къонаха.
Йуха новкъа ваьлла,
Илли э́р ду ас —
Ирсан цӏарах баьлла
Хир бу бӏе мукъам.
Кӏентан ницкъ а гул бай
Некъан бохалла.
Йуха тасалур вай
Хе́нан йо́халла