Цхьа стаг а ма вац вукхунах тера. Хӏораннан а шен-шен кхоллавалар, эшам а – шен.
Цхьаволчунна ирсе – вузарх там хуьлург, йа шен хаарех тоам бийриг. Ткъа хаарш, ша-шен вовзар, цӏанвалар, кхиар кхачалуш ма дац цкъа а. Абаде тоьар йац цхьа стаг кхиа. Цхьа стаг мелла а кхиарехь бӏе стаг вов, цхьа бӏешо а долу дӏа.
Дахар ца соцу. Ӏожалла ца йевза цунна.
Ӏожалла? Дуьненчохь уггар а гергара буьйса йу ӏожална. Хьо ӏожалний, буьйсанний йуккъехь ву хӏинца. Йа цуьнан йийсар.
Иза ша хуьлу, цхьанна йогӏий. Йукъара ца хуьлу. Цунах иза дӏатоьтту, бакъ ца хеташ, тховса ахь санна. Нагахь иза ахь хьайна тӏеоьзча, дерриг а эрна хуьлу. Ахь къуьйсу цуьнца хьайн хиларехь, вахарехь, гӏиллакхашца. (Гомер, Толстой, хьан ворхӏе а да). Философашна тӏекхочу хьо. Цара хьо дӏавуьгу. Хьо теша царах, цец а вуьйлуш. Тӏаккха дӏахьаьжча, хьо кхин а йуькъачу хьуьнхахь хуьлу, вухавала некъ а боцуш. Схьагушдерг бен хӏумма а дац хьуна, боху цара, дуьне хьан бӏаьрсица ду, пена тӏехьа – йесалла. Оха кхоьллинчух теша, тхан цхьана дашах, тхан кхайкхамех, хьайн ораман зӏено схьакхехьнарг – дӏакхосса.
Кхуллушехь хаттарца кхоьллина долу адам, кхин жоп ца хезаш дӏа а дер долу! Гуттарлера кхана, цкъа таханенга ца доьрзу.
Ахбаьллачохь дӏахеда некъ, хӏоранна а шен бен ца хеда а моьттуш.
Хӏинций-хӏинций боххушехь, тӏекхочу буьйса, кхин ца дан дӏадахначу таханлерчу денна. Цул тӏаьхьа – кхана. Йуха а – кхана. Гуттар а – кхана, тахана – цкъа а. Хӏан-хӏа, цхьаъ – ӏожалла, кхана боххушехь тахана йогӏург.
Хьо араволу. Чохь ӏен ца лой волу хьо ара. Йеккъа цӏена цхьа буьйса. Цхьа къайле, кхерам, йа хӏумма а доцург хоьтуьйту буьйса!
Ваха мел хала делахь а, дуьненан хазаллин, цуьнан йистъйацаран ницкъ массо а вонел, халонел алсам хета хьуна, дикка тидамца гондӏа хьаьжча. Дуьненца, буьйсанца, уллохь стаг а воцуш, хьо цхьа висча, шаьш (дуьней, хьой) вовшех кхеташ санна хетало. Хета, оцу дуьнено хьан ойланашка сема ладугӏуш, хьайн узарш, сингаттам, бала дуьнено нийсса ах дӏаоьцуш санна. Латта а, стигал а; бутт а, седарчий а; бода а, серло а – массо а хӏума хьан тидам беш хуьлу, церан тидам беш – хьо. Хьой, дуьней – цхьа йукъара къайле, цкъа а бухе кхуьур воцу абаден хаттар.