Атта дац да́харехь адамех теша,
Нагахь и белахь хьан бакъболу тешам.
Атта дац да́харехь адамаш деза,
Нагахь и белахь хьан бакъболу безам.
Атта дац да́харехь стаг хилла ва́ха,
Нагахь и делахь хьан бакъдолу да́хар.
Атта дац да́харехь адамех къаста,
Нагахь и делахь хьан бакъдолу къастар.
Ва́ха а атта дац, ва́ла дац атта,
Атта дац велча а, чурт хилла, латта.
Ткъа адам — адам ду, ду цуьнан декхар:
Бакъдерг ше́н белшаш тӏехь лакхене кхехьар.
* * *
Жӏаьлеш а дӏатоь кху шийлачу буса,
Дӏайуьжу сан кӏо́тар, дӏа паргӏатйолу.
Дийнах мел дисинчух сайн кийра буза
Бе́хачу новкъа со дӏа а́ра во́лу.
Сан сих ма хьерчахьа, хӏай беттан ше́ло́.
Бӏешеран кӏант ву со, Нохчийчохь кхиъна,
Лаьтта тӏехь мел йолчу на́нна го гӏело
Дезачу иллица цкъа йаййан лиъна.
Хӏун а́ла гӏерта хьо, хӏай дато экъа,
Тоьшалла хӏоттийна стигаллий, латтий,
Дуьненан кийрахь дӏа мел дина некъаш
Кху нохчийн кӏо́тара кхехьначу кӏанте.
Со некъах вохаван хьо хӏунда гӏерта,
Сан букъ тӏе йижина хӏай буто цхьалла.
Су́на йац хьу́на кху урамийн керташ,
Йа су́на къевлина ков а дац цхьа а
Букв-тӏамарх чекхйуьйлуш хьо хӏунда цӏийза,
Кху некъан йо́халла ас хьоьшу гӏайгӏа.
Кху йуьртахь на́на йу соьга сатийса.
Кху йуьртахь доттагӏ ву сан ба́ла байба.
Ас, лаахь, хӏоттор ду тховса а, хӏинцца,
Туьйранехь дуьйцуш а ца хезна ловзар.
Кӏентий бу, махко а йохьана бийццал,
Мехкарий, Европас Азица къовссал.
Лаьтта тӏехь мел во́лу некъахо вохва́н,
Кхерч бу сан, ворхӏе а де́н цӏарах ба́га.
Маьршачу куьйгашца дихкина кохкарш,
Сан на́нас техкадо бӏешеран а́га.
Цундела йац хьу́на, мел хьийза латта,
Со некъах вохаван гӏайгӏа йа ба́ла.
Цунде́ла бакъо йу сан нохчийн маттахь:
«Бийсолтан Дибин кӏант ве́хаш ву», — а́ла