Дистхилийша шу мукъане а тховса,
Дистхилийша шу мукъане а цкъа.
Бакъо йац сан хӏокху буса тхьовса,
Бакъо йац сан мерза гӏе́наш ган.
Дӏаоьху, дӏаоьху гунаш
Хаддаза дӏо́ анайисте.
Къинтӏера бе́р буй те́ су́на
Ас хьоьшу кӏо́таран синтем?
Дӏаоьху, дӏаоьху гунаш,
Со шайна тӏаьхьа дӏавоьхуш.
Къинтӏера бе́р буй те́ су́на
Ас дитча, уойлано лоьхург?
Цу шина хаттаро тховса
Со хӏунда гӏаттийна техьа,
Бӏаьргана ца гундерг довза,
Сица лан ницкъ бо́цург леха? .
Верриг а со хилларг ву со,
Делахь а цхьажимма вайна.
Кху лаьттах йекхачу буса
Цунде́ла йазлой те́ гӏайгӏа?
Верриг а со хилларг ву со,
Делахь а цхьажимма кхетта.
Кху баттал лекхачу буса
Цунде́ла гӏуьттий-те хеттарш?
Цу шина лаамо тховса
Со хӏунда гӏаттийна техьа,
Цкъа а ца девза дегӏ довза,
Цкъа а ца лехна дерг леха?
Шаьлтанан цхьа Даймохк бу — къонахчун буй.
Кӏиллочун буйнахь и махках ваьлла стаг санна йамарта хуьлу.
Кхин де до́цуш висахь илли кхолла,
Дехко санна буур бу ас кхоллам.
Дерриг а сан дӏадаьлларг йахана хан йу.
Ас да́харе салам луш кховдийначу куьйган пхи пӏелг санна, пхи кеп йу цуьнан:
ӏ. Хӏинца йахана сан хан — тӏаьххьара илли.
2. Гуш йаханарг — сан тӏаьххьара безам .
3. Йаханарг — бе́ралла.
4. Хьалха йаханарг — сан дуьххьара безам.
5. Ихнарг — сан не́нан бӏаьрхиш.
Долушдолучуьнга ас салам кховдийна а дац — билгалза кеп йу. Ткъа сайн хиндерг су́на дуьхьалхӏоттина дац — иза йо́гӏу хан йу. Ас, ойлайеш, дӏахьаббо бӏаьрг санна, ши кеп йу цуьнан:
ӏ. Йо́гӏуйерг — сох поэт хир ву.
2. Йа́н мегарг — со ирсе́ хир.
Мичхьа йу хьо, карара хан?
Шийла ойла...
Иэхӏ, ма гойла-кх
Кхин иштаниг адамна.
Марша ӏойла —
Марша гӏойла,
Дог а тийжаш хаддаза.
Дайн куьг хьаькхна,
Хиш дӏадаьхна,
Бӏаьргаш цӏанбеш харцонах,
Хаза, аьхна
Хьоьга хьаьжна,
Хьаста стаг а ва́цара.
Шийла ойла
Кхин хьо гойла
Хир до́цийла кхе́тара,
Сан са ойуш, —
Марша ӏойла, —
Хезар до́ций ке́тӏара.
Со мел гӏертарх
Сайха кхе́та,
Некъо хьо дӏайайира.
Да́ во́цучу
Жӏаьлех леташ,
Шийла суьйре йеара.