ВУЬРХӏИТТАЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу́ Хӏурайрас (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӏан э́лчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Мацца а Алла́хӏан хӏусамехь цхьана хӏусамехь адамаш вовшахкхетахь, цхьаьний Алла́хӏан Жайна а доьшуш, шайна йуккъехь и ӏа́ма а деш, - царна тӏе, билггал, синтем буссу, къинхетамо (массо а агӏор) дӏа а ло́цу уьш. Мали́каш гонаха довлу царна, Алла́хӏа хьаха а бо уьш Шена гергахь болучарна йуккъехь» (Муслим: (2699)).
БЕРХӏИТТАЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу́ Луба́ба Баши́р бин ӏабдул-Мунзира (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Къуръа́н мукъамехь* ца дешнарг тхоьх вац» (хӏара хьади́с, дика иснад а йолуш, Абу́ Да́уда да́лийна: (1471)).
* вуьшта аьлча, хазчу озаца.
ТКЪЕСНАЛГӏА ХЬАДИ́С
Ан-Навва́с бин ас-Самӏа́на (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) о́луш хезна шена аьлла: «Къематдийнахь схьада́лор ду Къуръа́н а, дуьнен чохь цуьнца ӏамал йинарш а. Цунна хьалха даьлла до́гӏуш хир ду «ал-Бакъарат» а, «А́ли ӏимра́н» а ши су́рат, шаьшшиъ доьшуш, ӏамал йиначаьргахьа гӏо даккха» (Муслим: (805)).