ТКЪЕ́ ПХОЬАЛГӏА ХЬАДИС
Абу́ Саӏи́д ал-Худри́с (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина: «Алла́хӀан элча (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), жинех а, бӏаьрг хиларх а ларвар доь́хуш, доӏанаш деш вара, (шега) ларвеш долу ши су́рат доссалц. Ткъа и шиъ доьссича, (и шиъ) деша волавелира иза. И шиъ до́цург дешар дитира цо» (Тирмизи: (2059), цо аьлла «хьасан» даржеш хьади́с ду хӏара)
ТКЪЕ́ ЙОЛХАЛГӏА ХЬАДИС
Убайй ибн Каӏба (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира (соь́га): «Хӏай, Абу́ ал-Мунзир! Алла́хӀан Жайнара (хьайна дага до́гӏуча́рех) уггаре а сийлахьниг муьлха а́йат ду хаьий хьу́на?». Аса жоп делира: «Алла́хӏ - кхин де́ла вац, И во́цург‚ Дийна волу, Да́хар латтош волу» (бо́хург хир ду-кха)». (Цул тӏаьхьа Пайхамара (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)), сан некха тӏе (куьг) а тоьхна, э́лира: «Беркате хуьлда хьу́на хьан ӏилма, хӏай, Абу́ ал-Мунзир!» (Муслим: 810).