«(Лахарчу стигалан) неIаран аз дара и, тахана схьайиллина йолчу. Таханчул хьалха цкъа а схьайиллина а йац и. (Оцу неIарехула) малик доьссина охьа, цкъа а лаьтта тIе доьссина хилла а доцу». Ткъа цо, салам а делла, аьлла: «Ши нур делла хьу́на, хьо ва́ле хьалха хиллачу цхьана а пайхамарна делла до́цу. Воккхавеве хьайна цаьршиннах! (И шиъ) «ал-Фа́тихьа» су́рат а, «Бакъарат» су́ратан чаккхенера да́къа а ду. Ахьа царех муьлхха а дешнарг, билггал, лур долуш ма ду хьу́на»» (Муслим: 806).
ТКЪЕ́ ДОЬЙТТАЛГIА ХЬАДИ́С
Iукъба ибн Iа́мира (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо (маьждиган) лабанна кIел а долуш, (шен хIусамера) а́раваьллачу Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира (на́хе): «Хьанна лаьа шух - хIо́ра дийнахь Iуьйранна БатIхьан йа ал-Iакъи́къ (боьра) а вахана, цигара шишша эмкал йа́лон, тIебаьлла боккха ши дума а болуш, (цунна дуьхьа дан дезар до́цуш) йа къилахь дерг а, йа гергарчаьрца гергарло хадор а?». О́ха жоп делира: «ХIай, Алла́хӀан элча! Массарна а лаьа тху́на иза». (ХIетахь Пайхамара (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) э́лира: «Ткъа маьждиге хIунда ца воьду шух хIо́ра а. (Цигахь цо) Алла́хӀан Жайнара ши а́йат Iамор гIолехь хир ма ду цунна шина эмкалал а, кхоъ гIолехь хир ма ду цунна – кхааннал а, диъ гIолехь хир ма ду цунна – деаннал а, (муьллха а) це́ран дукхалла (гIолехь хир ма йу цунна - оццул) эмкалел а»» (Муслим: 803).