ВОРХӏАЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу́ Му́са ал-Ашӏарис (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӏан элчано ((Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Къуръа́н доьшуш волу муъма стаг – мерзачу лимонах тера ву, хаза хьожа а, та́мехь чам а болуш йолчу, ткъа Къуръа́н ца доьшуш волу муъма стаг – хурманах тера ву, хьожа йа́цахь а, чам мерза болуш йолчу. Къуръа́н доьшуш волу мунепакъ – хаза хьожа йолчу бе́цах тера ву, хьожа хаза йелахь а, чам къаьхьа болуш йолчу, ткъа Къуръа́н ца доьшуш волу мунепакъ – хьерчаш йолчу бе́цах (колоквинтах) тера ву, йа хьожа а йоцуш, оцу тӏе чам къаьхьа а болуш йолчу» (Буха́ри: (5059), Муслим: (797)).
БАРХӏАЛГӏА ХЬАДИ́С
Ибн ӏумара (Алла́хӏ ре́за хуьлда цаьршинна) дийцина, Пайхамара (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Адамах а хьега ца оьшу, шиннах бен - Алла́хӏа шена Къуръа́н хаар деллачу стагах а, буса а, дийнахь а и доьшуш волчу; Алла́хӏа шена ба́хам беллачу стагах а, буса а, дийнахь а и сагӏийна дӏабоькъуш волчу» (Буха́ри: (73), Муслим: (815)).