Цергаш вовшах а хьакхийна, чукхоссабелла цунна саьрмик. Катоьхна кхес схьа а лоцуш, цунна тӏе ваьлла Ченлерг. Тӏара а детташ, тӏе а хиъна, саьрмик элан керта а бигна, коре хӏоттийна Ченлерга.
— Хӏей, эла! — кхайкхина Ченлерг.
— Ва-вай! — аьлла, корехула арахьаьжна эла.
— Соьга даккха ца ло хӏокхуьнгара ши шай. Хьайга даккхалахь, айхьа даккха, — аьлла Ченлерга.
— Дӏабаккхалахь, дӏабаккхалахь! Айхьа баллийнчу дӏабигалахь!— аьлла кхеравеллачу эло, куьйгаш а туьйсуш.
— Дера лелар вацара со хӏара хьуна дӏай-схьай эцна-м, — аьлла, ластийна тӏара а тоьхна, ша беъначу дӏахьажийна Ченлерга саьрмик. Цул дехьа, ворхӏ башломана тӏехьа иккхина саьрмик, Ченлергах кхерабелла.
Эла кхин а чӏогӏа Ченлергах кхера а велла, юха а Жоьра-Баба йолчу вахана.
— Хӏинца хӏун дан деза-те аса? Саьрмик а балош ма веа и, — аьлла эло.
— Дӏо хьуьн чохь цхьа ешап ду хьуна. Цунна тӏехь хьайн ши гирдаӏ хьаьжкӏаш ю, алий, уьш ян вахийта ахьа. Ешапо юхавоуьйтур вац хьуна иза, — аьлла, хьехар дина Жоьра- Бабас. Эло, цӏа а веана, аьлла Ченлерге:
— Ченлерг, дӏо хьуьн чохь долчу ешапехь сан ши гирда хьаьжкӏаш ю. Уьш ехна вагӏахьара хьо.
— Дера, вогӏур ву-кх. Ахьа аьлларг даза вер вуй со?! — аьлла, вахана Ченлерг ешап долчу.
— Хӏей, ешап! — аьлла, Ченлерга мохь тоьхча, корехула ара а хьаьжна, лакхарчу цӏа чу а ӏӏ7 иккхина, сихха цергех гӏайракх хьекха доьлла ешап.
— Арадала, ешап! — аьлла, мохь тоьхна Ченлерга юха а.
— Ахьа хӏун боху? — хаьттина ешапо, ара а долуш.
— Хьуна тӏехь ши гирда хьаьжкӏаш ю, бохуш, ваийтина со эло, уьш схьаяхьаш вола, аьлла.
Иаккха, цергаш вовшах а хьекхош, Ченлергана тӏетасаделла ешап. Катоьхна кӏажарш а лаьцна, доьрчийн тхов кӏел а дигна, цхьа до хьаьжкӏаш ешапана ги а тоьхна, ша тӏехула тӏе а хиъна, элан керта дӏавахана Ченлерг.
— Хӏей, эла! — аьлла, кхайкхина хӏара.
— Ва-вай! — аьлла, корехула арахьаьжна эла.
— Суна кхо схьаяла ца туьгу хьаьжкӏаш. Ахьа-айхьа яха, хьайн уьш кхунна тӏехь елахь, — аьлла, коре дӏахӏоттийна Ченлерга ешап.
— Дӏадаккхалахь, дӏадаккхалахь! Айхьа даллийнчу дӏадигалахь! — аьлла кхеравеллачу эло, куьйгаш а туьйсуш.