дас узарш деш а хезна, терсина, тӏаккха дас ор чуьра схьа а кхайкхина, гилане аьлла:
— Хьайн да велла доккъана беттарг! Хьан да леш ма лаьтта! По де суна! Божли дуьхьал тоьхна лаьтта чхар, накха тоьхна, кхоьссина дӏа а бахийтина, беана ор тӏе хӏоьттина, берг тоьх-тоьхна, тхов дӏакхоьссина, шен цӏога чу а дахийтина, оззийна тӏеваьккхина говро исс корта болу наьрт-орстхо. Тӏаккха сихха вахана, Ченлерг цӏа вогӏу воллучу некъа тӏе ор а даьккхина, тӏоьхула жӏолмаш а тосуш, ор дукъа а дуькъина, лечкъина, хьоьжуш ӏаш хилла ши корта болу наьрт-орстхо. Иза хиъна, Ченлерган цӏахь волу жимах волу ваша, цунна дуьхьал вахана.
— Ваша, ваша, цаӏ бен воцу со лойла хьан, аса буьл-буьллучу бен ког буьллу белахь, — бохуш, Ченлерг тӏехьа а волуш, хӏорш орал тӏех боьвлла богӏуш, лечкъина ӏачуьра схьаиккхина, Ченлергах летта наьрт-орстхо. Хӏорш леташ, жимчу вашас шен вешина кӏел гӏум туьйсуш, наьрт-орстхочунна кӏел хи дуьттуш хилла. Тӏаьххьара а Ченлерга айбина наьрт-орстхо логгец лаьттах а вахийтина, хьовзийна ши корта схьа а баьккхина, кхоьссина кхелли тӏе бахийтина.
Хӏорш цӏа кхаьчча, жимачу вашас аьлла Ченлерге:
— Вайн нана хӏинца къанъелла а йогӏу, цунна гӏо а хир дара, хьуна нускал дало дезара вай, — аьлла.
— Далор-м дара вай..., шел тоьллачу кӏанте бен ца луш, цхьа йоӏ ю ӏаьржачу-Хожин. Иза бен кхин йоӏ яц хӏокху махкахь. Ткъа Таьржачу-Хожел вай тоьлар а дац, — аьлла Ченлерга.
— Со вахийтахьара ахьа, ваша, йоӏ яло, — аьлла, дехна жимачу вашас.
— Хьо ларор вац ӏаьржачу-Хожех лата, ма гӏахьара хьо, — аьлла Ченлерга.
— Со ларор ву цунах лата, — аьлла, кечвелла, шен дина тӏе а хиъна, вахана хӏара ӏаьржачу-Хожех лата.
Воьдуш, цуьнан гӏопа тӏе а кхаьчна, чуваха меттиг лоьхуш хӏара лелаш, гӏароло, гӏап а йиллина, чувахийтина кӏант.
— Ассалам ӏалейкум, ӏаьржа-Хожа! Дика догӏийла хьо вехачу гӏали чу! — аьлла кӏанта.
— Ва ӏалейкум салом, жима кӏант! Восса охьа, — аьлла ӏаьржачу-Хожас. Охьавоьссина, чувахана жима кӏант.
— Ахьа хӏун леладо? Хьо лаа леларий, кӏант? — аьлла, хаьттина ӏаьржачу-Хожас.
— Со сайн вешина хьан йоӏ еха веъна, — аьлла кӏанта.
— Ткъа аса сайн йоӏ, сайл летта тоьллачуьнга бен, луш ма яц, — аьлла ӏаьржачу-Хожас.