— Воккха да́да, су́на ца лаьа и чӏа́ра бен!
Воккха да́дас къевлина маравоьллира жима къонах. Коьртаха куьйг а хаькхина э́лира цо:
— Хьан ка́рахь ду-кх и чӏа́ра ца балийтар.
Жимчу Ӏабдулас мара а боьллина хина йисте́ дӏабехьира дуьненах дог диллина, къийсамехь эшна гӏелбелла чӏа́ра.
27.06.22