Воккха стаг вара иза, ша цхьана жимачу гӀикх1 тӀехь Голф-Стрим чу денна а чӀерий даха лелаш. Ткъа тахана дезткъе доьалгӀа де дара, цхьа чӀара а боцуш, иза ваьсса йухаоьху. Йуьхьанца, шовзткъех де даллалц, цхьа жима кӀант а хуьлура цуьнца, амма цхьа а чӀара ца боккхуш шовзткъех сов де даьлча, кӀентан дас элира, воккха стаг ша и билггал salao2 ву аьлла. Уггар а къиза ирс даран билгало йара иза. КӀант ден омрица кхечу кеман тӀе вахара, цара кӀира далале боккха кхо чӀара баьккхира.
КӀентан дог Ӏаьвжара, хӀоразза а воккха стаг гӀикх даьсса йухавогӀуш гича. Цунна дуьхьал воьдура иза, цхьацца мохь, лескех дина хӀазарш, гафель, чаьнчакх3 йа мачтина гондӀа хьарчийна гата4 дӀахьош, гӀодан. Гата галех йахна йоманаш а летийна дара, денна а хуьлучу эшамийн байракхах тера дара иза.
Воккха стаг, пха санна, векъана вара, озачу ворти тӀехь къена, хебаршка дахначу чкъуро баьхна кӀорга могӀанаш а гора. Тропически малхо хӀорда тӀехь воттий дохучу даьӀнийн мокха томмагӀаш дара йуьхь тӀехь. ТоммагӀаш беснеш тӀехула шуьйра даьржина дара, ткъа куьйгаш андий чӀерий хьалаийзош лескано даьхначу кӀоргачу моьнаша хедийна дара. Амма оцу моьнех цхьа а керла бацара. Чохь са доцчу хина тесна матар санна, шира дара уьш.
Массо а хӀума къена дара цуьнца, ши бӀаьрг боцург. Уьш хӀордаца цхьана басехь бара, самукъане бара, эшийна боцуш.
— Сантьяго, — элира кхуьнга кӀанта, шаьшшиъ, гӀикх берда йисте а озийна, хьалавогӀуш, — со йуха а хьоьца вогӀур ма вара. Оха жимма ахча а даьккхинера.
Воккхачу стага Ӏамийнера кӀант чӀара лаца, кӀантана чӀогӀа дукхавезара иза.
— Ма, — элира воккхачу стага. — Хьо хӀинца ирсечу кеманна тӀекхаьчна. Цигахь саца.
— Хьуна дага ца догӀу, вай, цхьа а чӀара ца бокхуш, дезткъе ворхӀ дийнахь лелла, цул тӀаьхьа кхаа кӀирнах вай хӀора дийнахь а боккха чӀара а лоций догӀуш?
— ДагадогӀу суна, — элира воккхачу стага. — Суна хаьа, хьо тешам байна дӀавахна воций.
— Дада вара иза, со дӀавигнарг. Со дена муьтӀахь хила декхаре ма вуй.
— Хаьа суна, — элира воккхачу стага. — Нийса ду.
— Цуьнан тешам ледара бу-кх.
— Дера бу. Вайниг-м бац. Буй?
ГӀикх — хи чохь дӀасалела бина гӀирс (лодка).
Saloo — ирс дайна стаг, аьтто цаболург.
Чаьнчакх — дечигах, йа эчигах, буьххьехь коьжалг а йолуш, бина гӀирс (гарпун).
Гата — гӀикх мохе текхадойту гӀирс (парус).