Нохчийчохь, дуккха а бӏе шераш хьалха, цӏе йаххана хьуьнар долуш, майра кӏант хилла Тинин воӏ Вуьсу. Тинин да́ ӏабдулМолкх Нашхахь ваьхна. Цуьнан воӏ Тина шен кӏантаца Вуьсица Цӏонтара охьавеана ва́ха.
Вуьсу майра кӏант хиларал совна́ха, чӏо́гӏа куц долуш, хаза кӏант а хилла, на́хана дукха а везаш, ла́ра а ло́руш.
Ла́манца уггаре а лекхачу метте́хь, «Борз yгly корта» о́лучохь, ве́хаш хилла иза.
Вуьсин кхин йалх ваша а, Селасат цӏе йолуш на́на а хилла. Тайпана цӏонтаро хилла Вуьсгӏар.
Цу за́ман чохь адамаш кӏезиг хиларна, маьӏ-маьӏнехь, шайна ба́харна аьтто бол-болчохь баьхна.
«Кхире» о́лучу метте́хь де́хаш хилла кхин ворхӏ ваший, це́ран цхьа йиший. Уьш цигахь бе́хаш хилар хааделлачу цхьана наьрт-орстхочо вахана, тоьхна ворхӏ ваша а вийна, царна тӏера цӏокарчий а йаьхна, ворхӏ вешин йиша, шена зуда а йина, дӏайигна.
Уохьавуьжуш, ша́ йигинчу йоӏе наьрт-орстхочо аьлла:
— Цкъа охьавижча, цхьана кӏиранах наб кхетий ӏуьллу со. Наб а йина, со самава́лале, хӏокху хьайн вежарийн цӏоканех су́на бекх йелахь.
Шен байъинчу вежаршна йоьлхуш, йе́каш лелачу йишин чӏо́гӏа дог карзахдаьлла, хӏун дийр ду ца хууш. Цунна бӏарз а йелла, наьрт-орстхо охьа а вижийтина, цхьа хӏума хууш йолчу Жоьра-Ба́ба йолчу йахана йоӏ, цунах дагайа́ла. Йахана дӏа ма кхеччинехь, Жоьра-Ба́бега дийцина йоӏа:
— Шен вежарий байъина мостагӏа ву цхьа наьртхо, сан вежаршна тӏера йаьхначу цӏокарчех, ша́ хьалагӏаттале, шена кетар йар су́на тӏе а диллина, охьа а вижна и. Иза аса кхо́чуш ца дича, наьрто йуьйр йу со, кхо́чушда йолахь, дог а иккхина, лийр йу со, хӏун дича бакъахь дара аса? Цу балех муха йе́р йара со? Хьайн йоӏана ден долу гlo дахьа́ра, аьлла, хьоьга де́харе йеана со!
Жоьра-Ба́бас, ойла а йина, хьехар дина: