Таханле́ра за́мано дей-буьйсий хийцина
Дов-барттий къийса а делла вовше́н са ийцира
Стиглара малхано йовхо тху́на кхоа йира
Деллачу хаттарна бакъдерг ца э́лира
Шуьйрачу новкъахь меттиг ца кара йеш
Тхоьца цхьаьна бо́гӏуш берш за́мано хӏаллак беш
Буй-тӏарий цхьаьна а кхетта нийсоне ца кхе́чира
Буьйсана цӏеран йуххехь меттиг ца кхе́чира
Дӏа кховдийна куьйгана йуха кховдо куьг ца хилла
Бакъдерг тху́на дийнахь а цӏарца ца кара ди
Дӏа хӏоьттина могӏанехь накъостий гӏелбелла
Халонаш чӏагӏйа́ларх, халонна къар ца делла
Таханле́ра за́мано дегнаш тхан чӏагӏдина
Бакъдерг дӏа о́луш верг на́хана ца вийзина
Дуьнен чохь ваха атта до́ций кхетта
Вайн йукъахь барт бо́цуш хала су́на хетта
БӏАЬРГАШНА БӏАЬРЗЕ ХИЛЛА …
Бӏаьргашна бӏаьрзе хилий
Йаха бо́ху соь́га.
Лергашна къора хилий,
Лела бо́ху соь́га,
Маттана до́гӏа тоха
ӏа́ма бо́ху соь́га,
Ас шун бакъдерг доь́ху де́ла,
Со галйаьлла бо́ху соь́га,
Йелхаран метта соь́га
Тахана йела бо́ху,
Йеларна мета соь́га
Тахана йелха бо́ху,
Лайн а́малш йолчу на́хах
Э́лий ла́ра бо́ху,
Де́ла во́цу муне́пикъаш
Соь къо́балби́э бо́ху.
Бӏешерийн мур бу бо́ху
Иштта чолхе хӏуттуш,
Керла пачхьалкх кхуллу бо́ху,
Маьрша синош дойуш,
Кӏант ше́н ден дуьхьал хӏоттар
Гӏиллакхе ду бо́ху.
Вашас ваша цӏийла керчор,
Гӏазот хуьлу бо́ху.
Бӏаьргашна бӏаьрзе хилла
Лела ца ло, лела!
Лергашна къора Хилла,
Йаха ца ло, йаха!
Когах хьерча къинойн маша,
Цо галдо́ху болар,
Сан Нохчийчоь, мичхьа ду-те́
Хьан лазамийн до́за?
Со хьан ӏуьйре леха йоллу,
Дитна пелхьойн ловзар,
Со хьан суьйре лаха йоллу,
Бицбеш хилла хьовзам,
Со дӏайоьду лаха, де́лахь,
Хьан лазамийн до́за,
Цӏийлахь ӏуьллу сан кортали
Соь́га хьоьжу доьхна…