Полле хьожуш кхин а жимма лаьттина, нана чуйахара, кӏант лаьтташ а витина.
Хӏинца самаваьлла велха волавелла жима Ражап аганахь вихкина, и тахка ван йуьйлира Зийна, ойланийн йийсарера ца йалалуш.
Цӏаьххьана арара Рамазанан цӏогӏа хезира цунна. «Хӏинца хӏун хилира техьа!» - аьлла кхераелира Зийна. Оцу хенахь кхин а чӏогӏа хезира цунна Рамазан «гӏад вахана» воьлуш, цӏогӏ хьоькхуш. Кхерайалар йелакъажаре дирзира ненан. Кӏентан зевне велар хезича, дог деладелира. «Хӏинца хӏун хилла техьа!» - йелакъежира нана. Жима Ражап а, шена цхьаъ кхеташ санна велакъежира, воьлхучура соцуш. Зийна сиха жимчу неӏарах арахьаьжира. Гӏадъйахана йелаелира!
Жима Рамзан вара схьакъежначу маьлхан зӏаьнаршца ловзуш байтӏехь хелхаран чан туьйсуш. Куьйгаш ирх кхуьйсуш, ловзуш, зене воьлуш. Цунна коьрта тӏехула гонаш туьйсуш можа зезагах тера хаза полла бара «хӏайт!» аьлла хьийзаш. Кӏентан сараг а бара йистаха кхоьссина ӏуьллуш. Кӏант халха вуьйлура, багахь шена йиша а локхуш. Йоӏ санна гонаха хьийзара полла а, хелхаран кепехь. Эххар а стигала ирх а баьлла, кӏайн мархашца, маьлхан дашо зӏаьнаршца дӏаийра можа полла.
- Рамзан, дукхавахарг, хьо нанийна гӏодан ца вагӏахь, нана кертахь гӏуллакх дан кхуьура йац. Тӏаккха вайна йаа хӏума хир йац ӏано а. Схьавоьл кхуза, хьайн жимчу вешина хьажа веза хьо! - кӏанте кхайкхира Зийна.
Зинийна ца моьттачу кепара мох санна ведда чувеара кӏант, шена мел чӏогӏа хазачу бӏаьстенца арахь ловза лаахь а. Нанас дайн куьйг хьаькхира улло веъначу кӏентан коьртах.
- Ас гӏодийра ду хьуна, нана. Хӏун де ас? – воккхачо санна хаьттира цо.
- Хьо дика а ма вуй, хӏокху хьайн жимах волчу вешина уллохь хьо ца ӏахь, сан кертахь долу гӏуллакхаш кӏела дуьсур ду. Ражап аса аган чу виллина, ахьа жимма тахкийча, цунна наб озор йу, цӏенкъахь истанга тӏехь хьайн тайнигех ловзур ву хьо тӏаккха. Ага, ловза а валий, дукха чӏогӏа ма тахкаделахь, Рамзан. Кхийтарий хьо? Дика дуй? – хоьттура нанас йуха а, йуха а.
- Дик ду! – ша кхетар гойтуш, корта а лестош элира кӏанта.
- Со кест-кеста чу а йогӏуш, хьожуш хир йу хьуна. Ара а валий ловза ма гӏолахь, хьо дукха вахарг, - хьоьстура цо кӏант.
- Дик ду, - дагахь ӏамийча санна йуха а олура кӏанта.
Шен гам белшна тӏе а биллина, са шен меттехь дацахь а, йаханза а ца йаьлла, керта йахара Зийна.