Бе́цалахь, бӏаьлланган гаьннаша луш долчу ӏандагӏехь, куьйг коьртана буха а гӏортийна агӏора ваьлле́ра Сайдӏали. Ба́бас хийла бӏаьрхишца цхьаьна йуьйцуш йолу Сибрехахь текхина мацалла бӏаьрсина дуьхьала хӏоттон хала дара хӏокху йалсаманех тера йолчу хьунхахь. Делахь а, ба́бас дуьйцу къиза хӏуманаш дага до́гӀура кӏантана ишттачу меттехь. Бабийга хьоьжуш кӏентан жима дог къинхетамо ӏийжадора. Йисина йуург тӏоьрмигна чу йиллина Ребӏат а бацалахь дӏатаьӏира жимма садоӏан. Бе́цан, зе́загийн хазачу хьожано, хьо́занийн э́шарший, ӏиндагӏехь дечиг доккхуш бинчу белхан кӏадвалар мича дахана а ца хууш ге́на доккхура.
Малх делкъа хе́нал дикка тӏех иккъина суьйренехьа бирзине́ра Ребӏатас шаьшимма даьккхина дечиг вирвордана тӏедотта кечдеш. Дукхаха долу дечиг бӏаьлланган дара, наггахьа йукъа кхосселла хьоьх дечиг а нийслора. Вир дуьзина эккха доллуш дара, бехк а ба́цара цуьнан, гоьллалца бацалахь де суьйренга гӏорталца даьллине́ра и. Амма кӏанта ша́ дӏадожа ворданехьа озийча, цкъа а и буц шена ца гича санна тӏедетталора бе́цана вир. Ша́ ворданах дӏадожар чӏо́гӏа товш да́цара вирна. Амма цӏе́хьанехьа боьду некъ гӏолехьа бора виро, цунде́ла кхин йоккха дуьхало ца йеш, ре́за хилира и ворданехьа дахан. Амма доьдуш лаьтташехь дехьа а, сехьа а хазачу бе́цах церг ца тухуш-м ца ӏа́ра и.
Эххар а, ша́ и тӏамана тӏе боьдучу дино санна, вордана ӏаьрчашна йуккъехь ше́н меттиг дӏалецира виро. Хӏо́ра га нийсайеш охьайуьллуш дечигах ворда йотта йуьйлира Ребӏат а. Цо чӏо́гӏа говза дӏанийсадора дечиг вордана тӏехь. Дукха вирана букъна тӏехь шабериг а хира бо́цуш мохь, вордана тӏехьа а, хьалха а нийсадора дечиг йоккхачу зудчо. Ворда йоьттина йаьлча вордана гайна бухахула а боккхуш муш тесира цо дечигана го а боккхуш. Буьххье а йаьлла нийса тӏехула тӏе дечигана йуккъе бихкинчу мушна уллохь ирбина бӏаьллинган хьокха туьйхира Ребӏатас. «Хьажал, Сайдӏали, иштта йо хьу́на гел!», - о́луш гойтура кӏантана ба́бас. Дечигана йуккъе чутоьхначу хьокхийна гонах муш а ло́цуш кхин