долучу хӏор а дашца.
– Доьхна гӏуллакхаш ду, пурстоп, – долийра зандакъойн йуьртдас, газанчух маж а, беран санна, аз а долчу Жанхота. – Адам хьерадаьлла. Хӏаъа, ткъа, хьерадаьлла. Ӏедал сийсаздо. Ӏуьйранна ӏедална муьтӏахь хилла йарташ суьйранна ӏаьлбаг-Хьаьжехьа йуьйлу. Сахьт дац ойланаш хийцайаларан. Тахана цкъа-м тийна ӏа тхан йарташ. Хьанна хаьа кхана хиндерг? Амма ас тхешан йуьртах дош ло хьуна. Иза цкъа а гӏоттур йац вайн сийлахьчу паччахьан ӏедална дуьхьал. Ӏаьлбаг-Хьаьжа тхан тайпанах стаг ву. Хӏун дийр ду ткъа?! Куьйгийн пӏелгаш а дац цхьатера. Доккхачу жа йуккъехь гирзе уьстагӏ боцуш хилац. Наха неӏалт кхайкхадо ӏаьлбаг-Хьаьжина.
– Неӏалт кхайкхочул, тӏаьхьа а довлий, схьалаца! – йукъахваьккхира иза пурстоьпо. – Шеко ма йац кхана-лама схьакхочу долчу эскарша мятеж хьаьшна дӏайоккхург хиларан. Тӏаккха ӏедало жоп доьхур ду шуьга. Аш уьш цасовцор а ма ду мятежникашна шатайпа гӏо.
Пурстоьпан дешнаш Шахьболата гочдича, гӏовгӏа йелира чохь.
– Схьалаца ала, атта ма ду! – оьгӏазвахара даьттахойн йуьртда. – Стиглахула доьду олхазар схьалаца бахар а, и ахь дуьйцург а цхьаъ ду. Оха стенца лоцу иза? Тхуна гӏоьнна салтий ло. Тӏаккха лоцур ву.
– Салтий схьакхаьчча-м, цара шаьш лоцур вара иза, – цунна тӏевирзира Пруссаков. – Лаамхойх отрядаш вовшахтоха. Герз-х шун долуш ду.
– Нахана лаац шайн кортош тоьпан дӏаьндаргашна кӏел леца. Хаьа тхуна и дан гӏиртинчу йуьртдайх хилларг а. Хӏинцале шонойн йуьртда вийна, Бенарчун цӏенош дагийна. Йуьртахоша кӏело йина даьргӏахойн йуьртда а цхьа Делан гӏоьнца кӏелхьарваьлла. Амма оха тхешан ницкъ кхочург дийр ду…
– Хӏаъа ткъа, дийшина ӏийр дац. Тхешан догӏмаш чохь синош мел ду, тхо муьтӏахь хир ду Іедална…
– Тхешан цӏийнан нахаца цхьаьна…
– Цуьнан-м шеко йацара, пурстоп…
– Тхан йарташкара стаг хӏуттур вац оцу пелхьона тӏаьхьа…
– Тхан ницкъ цакхочург де, ахь а ма баха…
Шайга гӏо аларе а ца хьуьйсуш, хьала а гӏевттина, ирахь лаьтташехь пурстоьпна хьалха муьтӏахьаллин чӏагӏонаш а йина, дӏабахара хьеший. Пруссаков резавацара церан леларна. Церан бӏаьргаш чохь хьалхалера ийзабалар а ца гора цунна.
– Церан дашах теший хьо? – хаьттира Пруссаковс, хьеший дӏа а