– Вӏойт! Вӏийт!
Лечин хьалхара ши ког дозанах дехьатилча, тӏехьа хьаьжира Мохьмад.
Цунний, ӏабдиний йуккъехь кхо гӏулч йара.
Ца соцуш, ах го а баьхьна, хаьхкина чардакхна хьалха а веана, урх оьзна, дин тӏаьхьарчу когаш тӏе хӏоттийра Мохьмада.
Гӏадбаханчу наха тоьхначу маьхьарша Іадийра майда.
Хаьхкина говрахь тӏевеанчу Іусмана, Мохьмад тӏера чу а воссийна, хьалххе кечдина истанг букъа тӏе а тесна, шена улло йаьккхина, йайн йорт эцийтира Лечега.
– Гора, борз, йаӏ! Цхьана йуккъехь воха ца воьхнера хьо? – хаьттира Болата Мохьмаде.
– Дера, ца воьхнера…
– Воха-м ца воьхнера иза, Хортӏин ӏабдех кхеравеллера-кх, – кхоьссира ӏумара.
Мохьмад гома хьаьжира шиче:
– ДІайаккхахьа и хӏора!
– Бере-м вон вац, – кӏантехьа гӏо даьккхира ӏаьлбага. – Цхьа го а гал ца велира. Дика кӏант ву.
ХІокхара къамелаш дешшехь, Акхболатан Ахьмада говрашца хьуьнарш кхайкхийра.
– Хьалха кхаа урах дехьа а, кхаа гӏуркхана тӏехула а эккхийтина, йогучу цӏарна йуккъехула а баьккхина, берда йисттехь дин сацо беза беречо, – кхетабора цо къовсархой. – Царах цхьаннах чекхвалаза висинарг йуьстахволу. Нагахь масех бере берда йистте кхачалахь, царах уггар йисттехь дин сацийнарг тоьлларг лорур ву. Къовса кечбелларш дӏо дозане дӏагӏо. Цӏе марсайаьллачу хенахь тапча кхуссур йу ас. Шун пурбанца, сой, Акхтий берда йисте воьду.
Оцу уггар чолхечу, кхерамечу къовсарехь дакъалаца лууш иттех стаг бен ца велира.
– Вай хьалхадовлу йа тӏаьхьасовцу? – хаьттира ӏаьлбага Къайсаре.
– Ахь хӏун олу, Болат?
– Нахе а хьаьвсина, тӏаьхьа йукъадевлча?
– И де аш, – къобалдира царах уггар воккхачо – ӏаьлбаган вашас ӏала-Мохьмада. – Сиха дахана хи хІордах кхетта дац, боху. Хьалхагӏертар дика дац. Нехан гӏалат а гур, цунах ӏалашдалар а хир.
Хьалхайовла говраш хохкуш санна, хӏинца маьхьарий ца деттара наха. Шаьш чӏогӏо дистхилча а, говр галъйаларна кхоьрура. Амма йукъайаьхначу говрех шиъ бен берда йисте ца йеара. Шиъ – оьрнех тӏехлелхаш, цхьаъ – гӏуркхашна тӏехула оьккхуш, йуьйхира. Йалххе говр цӏерах дехьаиккхира, амма шиъ бен ца йелира йуккъехула.
– Бенарчу Солтмурдан говр бердан йистана кхо аьрша генахь сецна! – мохь туьйхира Акхболатан Ахьмада, –