кхузахула дӏавигнера хӏинца тӏеман министр волу инарла-адъютант Милютин а.
Тахана кхуза гуллурш тера бацара хьалхалерчу бӏаьхойх. Дукхахберш – кегийрхой. Хӏинцца маж-мекх даьлларш а, гӏеметта хӏиттинарш а. Амма царна йукъахь, къоначу маргӏалшна йукъахь зоьртала нежнаш санна, мацах цкъа къийсамехь бахчабеллачу къонахех нах а гора йукъакара.
Накъостел тӏаьхьависарна кхоьруш, йоргӏахь вогӏу ӏумар Васалгӏеран кертан маьӏӏехь, урамо гола тухучохь, цӏеххьана дуьхьалнисвелира хих йуьзна кӏудал пхьаьрсах а тесна, къорза бухка хьарчийна буйна а къевлина, йогӏучу Дешина.
– Деши, хьо хи тӏе ма хьалхе йахана хилла? – хаьттира цо, марсайаьллачу говран вортанах дайн куьг а тухуш.
Дешин бӏаьргаш хих буьзира.
– Вай, кӏант, хӏун хир ду-те аш лелочух? Корта хьере хилла-кх…
«Хӏан, хӏара йара хӏинца суна йелхаза йисинарг!» – догдетӏира ӏумаран.
– Хӏун хир ду? Йа тхо лийр ду, йа оха толам боккхур бу. Шиннах цхьаъ. Амма цӏахь а, арахь а шу зударийн чІеӏамаша тхо хӏумма а дан-м дуьтур дац. Цул, тхуна тӏаьхьа а довлий, эшаршца, хелхаршца тхан дегнаш айъа…
Гӏаддайна, бӏаьрхишна йуккъехулла йелакъежира Деши.
– Вай, вала ма ле хьо, кӏант, и ала бен хаац-кх хьуна! Тхан, зударийн, ойла йан а ца йо аш?
– Шун ойла а йо, тхайн ойла а йо. Хӏан, сан ӏойла дац кхин. Марша ӏойла!
– Дала аьтто бойла шун!..
Ша маьждиган майдана кхаьчча, йуьртара берриг боьрша нах цигахь карийра ӏумарна. Тоба къорзо йара. Лекха, лоха, месала а холхазан куйнаш техкара. Тӏехь – керла а, тиша а гӏовталш, чоэш. Кочаоьхкина а, йукъахдихкина а тайп-тайпана герзаш. Дукхахболчийн гитийсина нохчийн бархӏ са болу йехий мажарш, доьхкарех йоьхкина мокхаз буьллу тапчанаш, кочахь тарраш, йукъахйихкина шаьлтанаш.
Лекхачу, йоккхачу говрахь ӏачу Акхтас, шед буйнахь куьг хьала а лаьцна, нах ладогӏаре кхайкхира.
– Хӏинца, нах, хӏокху Чаьлтага цӏе мел йаьккхинарг йуьстах а волуш, цхьана могӏаре шишша хӏуттуш, итт-итт тобанашка декъало. Хьалха цӏейаьккхинарг иттанча хир ву, йаккхане цайаьккхинарг цӏахь соцур ву. Чаьлтаг, кхайкхайел цӏераш.
Чаьлтага цӏераш йаьхна шовзткъе пхийтта стаг, иттаннийн коьртехь Юсуппий, Янаркъий, Лорсий, Аьрсамирзий,