схьалоьцуьйтуш. Валлахӏи ва биллахӏи, безара, хӏара пхий а вен а вийна, кхин хьекъал доцу уьш Іедале байъийта!»
Тӏевеанчу Лорсас, лере таьӏна, масех дош элира цуьнга.
– Аьрсамирза, хӏара йамартхой дІаса ма бовлийталахь, – омра дира Акхтас.
Лорсас гайтинчу новкъа хьуьна чу ма-вуьйллинехь, герзаца кечвеллачу къоначу дошлочунна тӏеӏоттавелира Акхта. Хӏара шена тӏекхаьчча, чоин аьрру пхьош хьала а карчийна, чухула тегна керайуккъал жима цӏен йома гайтира дошлочо.
– Со ладугӏуш ву-кх хьоьга, – муьтӏахье ладогӏа сецира Акхта, и бере имаман геланча хиларх тешна.
Беречо коьртара охьа когашка кхаччалц бӏаьрг туьйхира Акхте. Схьахетарехь, доккхачу дегӏарчу, векъана, хьаьрса маж-мекх, буьрса цІоцкъамаш долчу дерачу Акхтас резавира иза.
– Ишхойн-Эвлара вайн бартахой лецар имамна сийссарехь хиъна, – цергаш вовшех а ца йохуш, хьаьжайукъ хабийна, лохха вистхилира бере. – Кхузахь санна, гӏуллакх галдаьлла Ямсуца йолчу йарташкахь а. Нагахь хьайн ницкъ кхачахь, Гезлойн-гӏап дӏа а лаций, цигахула дӏа йолу зӏе, цхьа-ши чаккхарма йукъ схьалаций, бӏогӏамаш охьа а детташ, йохайе. И дан ницкъ кхочур бац аьлла хетахь, хьайн бӏаьнца ӏаьларойн-Эвла а гӏой, цигарий, Бӏаьчин-Юьртарий нах балош, Майртуьпа дӏавола. Кхийтин хьо?
– Кхийти. Амма сан ницкъаца Гезлойн-гӏап дӏалацалур йу бохург хьехочохь а дац. Имамна дика ма хаьа цигахь лаьтташ ши бӏе салти, бӏе дошло, шиъ йоккха топ а хилар.
– Дукха-м, дера, бу цигахь салтий. Амма ницкъ дукхачаьргахь ма ца хуьлу даим.
– Ишхойн векалш совцийна ас, – элира Акхтас къорра. – Молланаш, хьаьжой. Цигахь лецначу вайн накъосташна дуьхьал уьш хьалабига воллу со. Имамо хӏун аьр-те?
– Хаац, векалш сецор а, царна таІзардар а цхьана а гӏиллакхехь доцург ду, моьтту суна. Хьайна бакъахьа хеттарг де.
Жимачу стагах къаьстича, меллашчу боларехь йухавеара Акхта. Шен галдаьллачу гӏуллакхна а, оцу жимачу стага, берана санна, шена биттинчу бартана а оьгӏазвахана иза, шуьйра мераӏуьргаш сийсош, ишхойн векалшка хьежа хӏоьттира. Царна йуккъера беркъа воккха стаг ца вевзара Акхтина. Схьахетарехь, вукху веаннан хӏух вацара иза.
– Хьан цӏе хӏун йу, воккха стаг? – тӏе шед хьажийра цо цунна.