Тӏаьххьара а хьуьнар туьрца серий хедор ду. Говрберийн карахь ткъесах лепачу тарраша, йуккъехула хедош, охьаэгадо шина могӏарехь, халла ирахь совцош, лаьттах ӏиттина дуткъа серий. Цхьа бере чекх масазза волу, бераша, хьолхий доьлхий, керланиш дӏахӏиттадо.
Ткъа гонна йуккъехь ченан кӏур гӏуьтту, дийнна окъамашца хӏаваэ хьалаоьху говрийн бергаша тӏаьхьатуьйсу латта. Хьуьнарна шаьш резахилар наха хоуьйту маьхьаршций, хӏаваэ хьала а лоьцуш, герзаш кхийсарций. Ахьмада а, Акхтас а леррина толлу къовсаме гӏуллакх. Эла Аваловна а цхьана ханна дицделла шен хьаькамалла а, возалла а. Кавказхочун цӏий Іац шениг дитина. Коьртара фуражка охьа а йиллина, нахаца цхьаьна гӏадвахана мохь хьоькху цо а.
Хьуьнарш къийсар а, ловзарш а чекхдевлча, цхьаммо а бина хаам боцуш, амма омра дича санна, дерриг адам чардакхна тӏедолало. Йоцца кхеташо йиначул тӏаьхьа кхелахоша тоьллачийн цӏерш йоху:
– Гонехь хаьхкича, тоьлла Гати-Юьртарчу Аьрзун кӏентан Мохьмадан говр! Уггар кхерамечу, халачу хьуьнарехь тоьлла Симсарарчу Олдам-Хьаьжин кӏентан Іаьлбаг-Хьаьжин говр! Говрашкахь хьуьнарш къовсуш, тоьлларш – Гати-Юьртара Ойбан Къайсар, Данчӏин Болат, ЦІоьнтарара Гарин Ахьмад. И цӏераш йаьхначара шайн совгӏаташ дӏаэца.
Тоьлларш декъалбеш деттачу маьхьарший, кхуьйсучу герзаший йуха а къардира хӏаваъ.
Хьаьсарта дахана адам дӏатийча, Хортӏас куьг хьалалецира.
– Ладогӏал, нах! Эла Авалус къамел дийр ду хӏинца!
Цхьана ханна кхуза гулбеллачийн сибате вирзинчу гуьржичух оцу минотехь йуха а округан начальник, эпсар, эла Авалов хилира. КІайн тӏе а, ӏаьржа лаба а йолу кокардица фуражка коьрта а тиллина, мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира цо. Тӏепаза йайра Іаьржачу бӏаьргаш чохь йогу самукъне цӏе а. Дукъа тӏехь голатуху мара а аьрзунан зӏакарх тарбелира.
Цхьана жӏаро а, мидало а кечбина шуьйра накха меллаша дӏаса а хьийзош, оьрсийн маттахь дехха къамел дира цо.
– Нохчий! Йоккха пачхьалкх йу Росси. Дукха къаьмнаш ду цунна чохь дехаш. Мацах цкъа арахьарчу мостагӏаший, вовшашлахь хуьлучу тӏемаший талораш деш, цӏий Іенош, маьрша дахар хӏун йу ца хиъна