цуьнан.
– Коьра! – цӏеххьана шовкъе кхайкхира иза доттагІчуьнга. – Коьра, тахана толам баккха безаш йа дала дезаш ду-кх вай! ХІокху сохьта къаьстар бу вайн кхоллам, тахана вайга хьуьйсуш бу дегӏастанхой, саной, абхазой. Хезий хьуна, Коьра! Вайн бакъо йац йухадовла!
– Йацахь, летта, лийр ду-кх, ӏаьлбаг.
– Хӏан-хӏа, вай делча а дуьсу маршонан гӏуллакх. Вай тола деза. Овхьад, Къайсар схьакхайкхал. Мостагӏ дукха ву, амма вай а дац кӏиллочех. Иза ӏехо веза.
Йаккхийчу тоьпийн хӏоьънаша тедда тӏекӏелдаьхначу дитташна йуккъехула веана схьакхечира Къайсар. Чов хилла аьрру пхьарс бара бихкина коча тесна. Хьаьж тӏе йихкинчу цӏийша йуьзначу асанна тӏера охьаӀийдалучу догӏанан тӏадамаша беснеш тӏехь а цӏен тачанаш дитинера.
– Чевнаш луьра-м йац хьан, Къайсар? – кхеравелира Іаьлбаг, хотташий, цӏийший вуьзна доттагӏ гича.
– Кӏадбоцург дара хӏара-м, – куьг ластийра Къайсара.
Говрара охьа а воьссина, леррина цуьнан чевнашка а хьаьжна, башха кхераме хӏума доцийла хиъча, йоцца шен план йийцира Іаьлбага.
– Коьра, хьайца дошлой а, майртуьпахой а, кхузахь вайгахьа бевлла нах а эций, чехкка Жугӏурта боьдучу новкъа хьала гӏо. Мостагӏашна вай девдда моьттинчу хенахь, цӏеххьана чу а вирзина, тӏелетар ву хьо. Элсин дошлой а, важа гӏашлой а дІогахь лаьттачу эскарна тӏелатийта, – резервехь лаьттачу Тенгински полкан батальонна а, Соьлжан гӏалгӏазкхийн бӏонна а тӏе шедан кхаж хьажийра Іаьлбага. – Ткъа ахь, Коьра, хьайн дошлошца церан ворданаш дӏалеца. Варийлахь, ткъесах тӏелаталахь.
Коьра дӏавахча, Къайсарна тӏевирзира Іаьлбаг:
– Коьра шен гӏуллакх кхочушдан воьлча, Акхта шен гатийуьртахошца аьрру агӏонна тӏе а ваьлла, тӏелетар ву. Цара шиний агӏор мостагӏ йукъахьовзийча, вай дуьхьал хьалхатаьӏар ду. ХІуъу дина а, хӏара сехьара йиъ йоккха топ схьайаккха йеза вай.
Полковник Нурид шек вацара толам шен карахь хиларх. Хьалха боьлху навагинхой йуьрта лилхира. Цкъа ойла хилира цуьнан, йурт ӏадда а йитина, бевдда боьлхучу мятежникашна тӏаьхьахахка. Йурт шен карахь йерг а лерина, йаккхий тоьпаш Жугӏуртехьа дӏайерзайайта дагадеара цунна. Амма чехкка хьалхахьа дӏаоьху мятежникаш лецалур бацара