йаххьашка хьежа велира ӏаьлбаг. Дукхахберш къона, ткъе итт шаре а бовлаза. Цхьаннан йуьхь хӏинца а тӏера пхьарчо а божаза йу. БІаьргаш а цецдевлла делладеллачохь дисина. Тап ша ӏаьлбага вийна къона ши салти санна. Масаннен нана, йиша-ваша доьлхур ду тховса! ХІокхерниш билхина а ӏийр бац. Кхин а дуккха а догӏур ма ду хӏара санна къаьхьа денош…
Тӏаьххьарчу докъан йуьхье а хьаьжна, хьалатаьӏира Іаьлбаг. Вевзарг цхьа а вацара. Амма уьш берриг а цуьнан бӏаьхаллин накъостий бара, ӏаьлбаган кхайкхамца маршонан, нийсонан дуьхьа гӏевттина…
– Хӏорш бен буй байинарш? – хаьттира цо тӏевеанчу воккхачу стаге.
– Шийтта дӏаваьхьна. Кхуза ца бохьуш дӏабаьхьнарш а бу.
Ворданахь кхин а цхьа дакъа деара майдана.
Воккхачу стага, тӏе а вахана, йуьхь тӏера истанган маьӀиг дӏатесча, гучубелира хӏетта тӏе чо баьлла ӏаьржа корта, хаза ши мекх долу къона йуьхь. Цу тӏера схьа ӏаьлбаге хьоьжура, ангали санна, хӏоьттина жугӏара ши бӏаьрг. Хье йуккъехь жима чов а, детта цӏий а гора. Истанга кӏелхула гучудаьллачу можачу аьтту куьйган буткъачу пӀелгах тӏехула экъа а йолуш дато мухӏар дара. Ларамаза мухӏарна тӏера цӏе йийшира ӏаьлбага: «Орзами ибн Бата».
– Кхузара ву хӏара? – хаьттира цо воккхачу стаге.
– Хӏаъ. Хӏара цхьаъ бен вацара жоьра йисинчу йоккхачу стеган. Селхана, шен говр кечйина, герзаш йукъах а дихкина, ненан ӏодика йан чувахча, уггар хьалха йуьрта тоьхначу йоккхачу тоьпан хӏоъ хӏокхеран цӏийнах кхеттера. Ненан а, кӏентан а ирс хиллехь, ший а селхханехь делла хир дара, амма, цӏа дохар бен, кхин зен ца хуьлуш бисира. И дуьххьарлера хӏоъ шен цӏенна кхетаро кхин а ирча вон хьоьхуш санна, хӏара тӏаме ца вахийта гӏиртира нана. Селхана дуьйна схьа, тем байна, хьаьдда лела иза. Хӏара хиллийла хаахь, дог иккхина лийр йу.
Дакъа цӏа хьош, нахаца кӏентан нана йолчу вахара ӏаьлбаг. Ша цига вахарх нисдала хӏумма а доцийла хуъушехь. Къайсара ала а элира цуьнга, мел вийначун тезета хӏиттина вер вац хьо аьлла. Иза-м ӏаьлбагна а хаьара. Амма хӏара къона кӏант йоккхачу стеган цхьаъ бен вац, боху. Верас воцуш йисина-кх иза. Цунна хьалхахӏоттар шен декхар хетара цунна. Тӏе, хӏорш массо а шен бехкенна вийча санна, цхьа дагахьбаллам а