дара вай. Ткъа къаьст-къаьстина дуьхьало йан ницкъ бац. Паччахьан инарлаша, цхьацца хьошуш, вичІадохур ду. Дала хьеха! Вай делхарх, цӏийзарх, нислур дац уьш. Болат! Боларахь Шела тӏе! ХІор а бӏенна йуккъехь бӏе гӏулч а йуьтуш!
Бес-бесарчу адамех вовшахкхетта, цхьана а низамна Іамоза и дошлойн эскарш, ах сахьт далале, низаме а дирзина, готтачу новкъа меллашчу боларахь Шелахьа дуьйладелира. БІаьнна хьалха воьдучу ӏаьлбагна тӏаьхьарчу Янаркъин карахь махо ловзайора хӏинцале хӏоьънаша зарзйина гӏовттамхойн байракх.
Іаьлбаг йуха а ойланаша дӏалецира. Майртуьпахь тӏом хиллачул тӏаьхьа ша дилийтинчу гӏалатех селханий бен ца кхеттера иза. Шолгӏачу дийннахьехь цо хӏара Шела дӏалаьцна хиллехьара! Шайгахьа йевллачу Гумс, Мичик а хишца йолчу йарташкахь хӏор а толам базбеш, кхидӏа тохар муьлхачу агӏор дан деза бохуш, къуьйсуш, эрна хан йойъуш ӏашшехь, мостагІчо шен ницкъаш тӏеуьйзи. Эрсана охьахиъначу полковнико Нурида дӏакъевлина Хулхулон ахкахула аренга долу ков. Ахк-м Гӏубхин карахь ду. Цо Веданара эскар охьа-м долуьйтур дац. Пайда буй ткъа, цуьнан шен оцу ахка чуьра дӏасаволийла ца хилча? Кхузахьара кхерам лагӏ ма-беллинехь, Аваловс а, Нурида а, цхьацца агӏор тӏеттӏа а ӏаьвдина, отур ву иза йа йуьстахтосур ву.
Делахь а, Іаьлбаг вогург иза дац, кхин ду. Оцу кхаа дийнахь мостагӏчо эскарш хӏиттийна Устаргӏардойн тӏай тӏера схьа Эрсана кхаччалц. Лаххарчу хьесапашца, пхи эзар гӏашсалти а, эзар дошло а. Цара некъаш къевлина гӏовттамхошна. Некъ ца битина ӏаьлбагна Чӏебарла хьала ваха а, йа цигарчу Залмин Дадина охьаван а. Йуха а ваьлла, Цӏоьнтархула, Даьргӏахула Ведана гӏоьртича, цигахь а мостагІчун боккха ницкъ лаьтта. Кхузахула а, тӏемаваьлла, мархаш тӏехула ца валахь, тӏехвалалур вац. Чӏебарлахь а мостагІчун масех гӏап йу. Уьш дӏа а лецна, Дада арен тӏе гӏортахь а, Органах сехьа ма-веллинехь, Чахкара-гӏопа тӏе нисло.
Хӏокху шелахоша хӏорш тӏелацахьара а, гӏуллакх аьттоне дерзаре догдохуьйла йара…
Цхьа кӏира хьалха инарло Свистуновс Соьлжа-Гӏала дӏакхайкхина нах цигара шайн йарташка йухабирзича, гӏайгӏане ийгира.
Гӏалахь инарлина хьалха, эскаршна йукъахь шаьш дуккха а