Боьршига аьрру куьг диллира шен кочахь кхозучу туьран детица кхелинчу макъарна тӏе.
– Йуьрто со векал вина шен лаам хьоьга дӏахаийта, – ша эриг массарна хазийта, аз айдира Боьршига. – Шелахой реза бац хьо тӏелаца. Хьайн арданг эций, лома йухаверза.
ГІо лоьхуш, Іаьлбага бӏаьрг кхарстийра баккхийчу нехан йаххьашна тӏехула. Амма царах цхьаннен а бӏаьргаш чохь цунна ца гира доглазаман суй а. Ткъа даррехь цабезам, цабашар, къизалла гора.
– Дика ду, Ханболатан Боьршиг. Ас халкъе хоттур ду цуьнан дагахь дерг.
Говр дӏа а хьовзийна, йуьстахлаьттачу йуьртан лахенийн тобанна хьалха хӏоьттира ӏаьлбаг.
– Шелахой! – мохь туьйхира цо, шед буйнахь куьг хьала а лаьцна. – Хӏинца соьца хиллачу доццачу къамелехь шун йуьртахочо Ханболатан Боьршига, ша аш хаьржина векал а ву, тхо Шела чу дита шу дуьхьал а ду аьлла, шун цӏарах дош делла. Нагахь Ханболатан Боьршиг аш шайн йуьртан тхьамда а хаьржинехь, цо соьга аьлларг шун барта а делахь, тхан бакъо йац шуна тӏегӏерта. Суна хетарехь, Ханболатан Боьршиг аш хаьржина вац. Иза вайн халкъан мостагӏийн мотт-ишарца цунна гонах лаьттачу цуьнан бартахоша хаьржина. Цо аьлларг шун барта хиларх шек ву со…
Йукъ-йукъа девллачу маьхьарша хадийра Іаьлбаган къамел.
– Оха хаьржина иза!
– Тхан лаам бу цо кхайкхийнарг!
– Хьайн гӏеранца цӏехьа йахийта!
– Тхо хӏаллакдан воллу хьо!
Мохь бол-болучу дӏа а хьожуш, эриг ала вуьтуш, цхьана йукъана сецира ӏаьлбаг. И маьхьарий деттарш Боьршиган бартахой хилар шера гора.
– Дика ду, шелахой, – резахилла корта таӏийра Іаьлбага. – Нагахь оцу Боьршига аьлларг шуьгара делахь, шун йуьрта гӏертар дац тхо. Амма, хаалаш, Ханболатан Боьршиг а, цунна уллохь лаьтта хьаьжой а, совдегарш а, массо а уьш шу, шелахой, даларх, шу сийначу цӏарах дагарх, шек дӏа бовлуш цахилар. Хьовсал шайга а, цаьрга а! Церан а, шайн а беснашка а, духаре а! Церан туьканаш, шортта мохк, хьал, бахам бу, ткъа шун хӏун ду? Аш мацалла хьоьгу, къоьлла къикъдоьлла, ткъа уьш хьоло хьерабаьхна. Шу, ӏедало дацийна, гӏорладолийна, денна тӏейеттачу налогаша чӏанадаьхна. Куьйган бакъонаш а йайъина, лоллехь латтадо. Маса ву шуна йукъахь сахь хьаьжкӏаш йен лаьттан коржам йоцуш! Маса ву шуьлахь тахана берашна