Ӏаьлбаг шен коьртачу ницкъашца Шелана тӏеволавелла аьлла, хаам кхаьчча, синтем байра Свистуновн. ГІовттамхоша Шела дӏалацахь, йа, вуьшта аьлча, и нохчийн столица цаьргахьа йалахь, чолхе долура гӏуллакх. ТІаккха церан карадоьлхура Нохчмахка Чӏебарлица цхьаьнатосу некъаш. ХІетталц вовшехъхаьдда болу и ши некъ цхьаьнакхетча, догдилла дезара Веданах а, Эрсанах а, Чахкарах а. Александр Павловична хаьара, Органал дехьара дикка йарташ шелахойх хуьлучуьнга ладоьгӏуш ӏайла. Нагахь гӏовттамхойн гӏуллакх цигахь кхиамца дерзахь, уьш кийчча йара цаьргахьа йовла.
Оцу деношкахь виллина дӏа походан барзакъца вухавелла вара Александр Павлович.
Тифлисера схьа хаддаза приказаш оьхура, гӏаттамах дерг чекхдаккха бохуш. Сийлахь-воккхачу эло Михаила даррехь схьахьедора, йоццачу хенахь гӏаттаман цӏе, цхьа суй ца буьтуш, дӏа ца йайъахь, цуьнан императорски воккхаллина хьалха областан начальнико жоп дала дезарг хилар.
ХІоьттинчу хьолан кхерамалла хууш волу Александр Павлович, Владикавказера шен доьзал а бицбина, хьаьдда Грозный веанера. Цо шен буйна лецнера тӏеман операцин дерриг пхенаш. Округан а, отрядийн а начальникийн хаамаш ша бешна ца ӏаш, шен куьйга йаздора цо царна жоьпаш а, приказаш а. Ша йаздо приказ чохьволчу масех эпсарна а, адъютанташна а хозуьйтуш йаздора цо. Ткъа царах хӏораммо а дӏайаздора цуьнан багах мел даьлла дош. Иштта хӏоттийначу гӏуллакхо аьтто хуьлуьйтура йоццачу хенахь цхьа приказ, масех экземплярехь кечдина, массо маьӏӏе дӏасахьажо.
ГІовттамхой Шела охьабевлла аьлла, хаам кхаьчча, эзар йалх бӏе цхьамзанах лаьтта Тамански полкан шиъ батальон хьем боцуш Мескар-Эвла хьажийра цо. Хӏинца Мескар-Эвланий, Эрсанний йуккъера шийтта чаккхарма йукъ дӏалаьцна лаьттара шиъ ах эзар салтий. Царал сов, Эрсанахь Нуридан карахь а вара кхо бӏе гӏалгӏазкхийн дошло, ах эзар гӏашло а, йиъ йоккха топ а. Доцца аьлча, кхаа эзар цхьамзанах лаьттачу оцу кхаа отрядна йуккъехула бевллий бен, Шелана тӏех а бевлла, малхбузехьа гӏоьртийла дацара мятежникийн.
Оцу деношкахь командующин аьтту куьг хилла лаьттара Грозный округан начальник эла Эристов. Нохчийн йарташкахь луьстта