йуькъачу хьаннаша йукъахьарчийна лекха лаьмнаш лаьттара, шиний агӏор тӏе а кхозаделла. Селхана-стомарралц, масех дийнахь Веданах хӏара ахк дӏа а хадийна, кхузахь вуьззина да хилла лаьттинера ӏаьлбаган уггар жигарчу гӏоьнчех цхьаъ волу Гӏубха. Ӏаьлбаг арен тӏера йухаваьлча, шен отрядца кхузара дӏа а вахана, Гуьнахь туп тоьхна, сецна, боху, и разбойник, амма, хьанна хаьа, хӏокху сохьта иза мичахь тебна Іа? Цунна хӏумма а доцург ма ду, шен гӏеранца оцу йуькъачу хьаннашкахула берзан йортахь йоццачу хенахь и лам хадийна, схьакхачар.
Ведана боьду некъ дукхахберг хин тогӏи чухула дӏа бара. Ткъа хӏокхунах некъ ала хала дара. Тахана, бокх-боккха тӏулг йуьстахтосуш, цӏанйича, шолгӏачу дийнахь дистина деанчу Хулхулоно тӏулгашций, чхернашций, дечигийн чалхаций йузура и тогӏи. Оцу новкъа хьала отряд бӏаьхаллин низамехь йуьгур йу бохург хьехочохь а дацара. Лекхачу бердашна йуккъехула охьа оцу хе йаьккхина тогӏи, ткъех гӏулч дӏа масазза ваха, голайетташ, лаьхьа санна, сетташ, лакха мел вели, гатлора. Кхаа бӏе говро цхьатерра тӏулгех йеттачу ленаш тоьхначу бергаша къардинера ахк. Оцу гӏовгӏанехь хезийла дацара ломан басахь а, йуькъачу хьуьн чохь а мел доккха тата даьлча а. Дошлоша хьалххе дуьйна каралецнера йуьйлина тоьпаш. Къаьсттина кхоьрура уьш, шайн отряд ахкан гатте йирзича. Баккъал а, нагахь цхьанхьа кӏелонна хиъна цхьа бӏе мятежник хилахь, царна хӏумма а доцург дара хӏара отряд, хьаьддарг-веддарг ца волуьйтуш, хӏаллакйар.
Геннахь нийсачу экъанна тӏехь Ведана гучуйаьлча, даг тӏера цхьа беза мохь дӏабаьлча санна, паргӏатбевлла, йаххьаш йекхайелира салтийн. Цхьаболчара ламазна пӀелгаш а туьйхира.
Свистунов Нохчмахка вогӏу аьлла, разведко хаам беача, Берса волчу сихвелира Іаьлбаг. Цо хьалххе дагалаьцна кехат инарле дӏадала аьтто нислора хӏинца.
Шеца Овхьад а, Болат а волуш буьйсанна нах охьабийшинчу хенахь Іаьларой-Эвла кхечира иза. Хьешашна дуьхьалвеанчу хӏусамдас, хӏорш арахь а битина, чу а вахана, гӏаттийра Берса.
– ӏаьлбаг, шу хӏун дохьуш даьхкина? – хаьттира цо, ӏаьлбагна мара а иккхина.
– Инарла Вистунов Ведана веана. И ас боху кехат кийча дуй? Оцу инарле дӏакхачо