Ло санна, кӀайчу, дехочу логаний, горгачу беснешний тӀехула, цӏен бос баржош, йовха тулгӀе хьодура, гӀодайукъ къовлуш тӏейуьйхинчу готтачу гӏабали кӀел, хьерадаьлча санна, тохалора дог. Хеталора, некха тӏера дато чарпазаш эххар а ткъаршшехь лоьлхуьйтур йу.
Тӏаккха, жимма ӏай, йоьӏан хазачу йуьхьа тӀехула сингаттаман мархаш йаьржара. Тӏепаза бовра ал бос, хиллачу баьллех тера балдаш а кӀайлора, ца тохалуш совцура бӏаьрнегӏарш а.
Йоьӏан кийрахь къуьйсуш шиъ мостагӏ вара: безам, цабезам. Амма цуьнан карахь бацара шен кхоллам. Цо иза Делан кара беллера, дог ца дуьллура ирсах…
Боьрахула хьалавогӏучу кхаа беречух цӏеххьана бӏаьрг кхетча, кхерайелла, дегӏ дегийра цуьнан. Амма, Къайсар а, Болат а вевзина, дегӏан массо пхенашка йовхо хьаьдира. Хьалха вогӏу Къайсар, шена тӏаьхьарчу беречуьнга масех дош аьлла, шовданехьа охьавирзича, шен болар сихдира йоӏа. Чу хи а кхерзина, шен кӏудал хе ӏарждинчу дечиган апари кӏел хӏоттийна, кӏудалан гай декош зурманца чуӏеначу шийлачу шовдане ла а доьгӏуш, шен везаран доттагӏ тӏекхачаре хьоьжуш, сецира иза.
«Болат хӏунда ца веа-те? – даг чу кхерам тесира цунна. – Наха дуьйцучух тийши-те иза?..»
– Хьан де дика хуьлда, Деши! – чу а воьссина, багара гаьллаш дӏа а йаьхна, говр ной тӏе хийцира Къайсара.
– Диканца дукха вехийла хьо а, Къайсар!
Дуткъачу гуьлмаьндин тӏам, логах хьарчош, тӏехьа а тесна, хьаьжа тӏера месаш къайла а йаьхна, Къайсарна тӏе хаттаре хьажар дуьйгӏира йоӏа.
– Хьо тахана ма хьалхе йеана хи тӏе?
Йоӏа доккха садаьккхира.
– Сагатделла сан. Аш толамаш баьхна бохуш, хезира суна. Тахана санна, аш дуьнен чохь йоккхучу йерриг ханна Дала йуьхькӏам болда шуна!
– Дела реза хуьлда хьуна, Деши. Хьуна хаза мукъане а хийтин-те?
– Хетта а хоьттий ахь, Къайсар! – хаза балдаш дегабааме саттийра йоӏа.
Къайсар велавелира.
– Наха дийцарехь-м, хьан ойла кхечу агӏор йирзинчух тера ма ду?
– Ахь бехк ма биллалахь, Къайсар, зударийн эладитанех тешар къонахашкахь товш ца хета суна-м.
– Ишта-м дара иза, Деши, делахь а «безам» бохург дукха экаме хӏума йу-кх. Цхьажимма хӏума а тоьу-кх иза лазо а, хьаста а. Вай хьелашца дуста доьлча, тхо – лахахь, Хортӏин Овхьад