зуламхой лоьцуш, тхуна гӏо дан?
– Лууш дерш дерриг кхочушдойла ма ца хуьлу. Эхь-бехк, гӏиллакх а ма ду лера дезаш.
– Мила ву хӏара веханиг? – векъаначу, йеха йуткъа маж йолчунна тӏе шедан кхаж хьажийра Григорьевича.
– Хьан оьздалла, иза йуьртан молла Нуркиша ву. Ткъа цунна тӏехьа лаьттарг – йуьртда Жанхот.
– Шу хьан хӏиттийна йуьртана коьрте?
– ӏедало, – жоп делира Нуркишас.
– Шайн йуьртахь Іедал хӏунда ца латтадо аш ткъа?
– Зандакъа зуламан декъахь йац. Тхан йуьртахой муьтӏахь бу ӏедална.
– Ткъа сан омра кхочуш хӏунда ца до аш?
– Асий, Жанхотий дукха корта лебина нахе, ахь бохург дайта гӏерташ. Нах реза бац. Уьш реза ца хилча, тхойшиъ гӏорасиз ву.
– И тӏаьххьара дош ду-кх шун?
– Ду.
Подполковник, гоьлаш тӏе ши куьг тоьхна, белшаш саттийна, хьалагӏеттира.
– Поручик Рыжков! Зандакъана тӏе ткъа, Гиланна тӏе итт хӏоъ тохийтал. Дӏа мел тухург цӏеношна тӏе а кхоьтуьйтуш.
Хьалххе дуьйна йуьзна кечйинчу йаккхийчу тоьпашна улло дӏахӏиттира артиллеристаш. Шена уллохь лаьттачу цхьаннан карара йогуш йолу милт схьа а эцна, ша цигаьрка латочул башха ца хеташ, йоккхачу тоьпан лерга доьхкинчу молханна тӏе ӏоьттира Григорьевича. Доьӏучуьра са а сацийна, цуьнан куьйге хьуьйсура баккхий нах. Лерга паттарчий хӏиттош даьллачу татано а, дегийначу лаьтто а шийла хьацар хьадийтира церан догӏмашка. Йасса мел йелла йоккха топ сихха йуха а йузуш, шиний йуьртана тӏе хӏоьънаш деттара салташа. Церан кӏур дӏаса масазза баьржа, шайн йуьрта дӏахьовсура баккхий нах. МаьІ-маьӏӏехь болуш кӏур а, тӏаккха цӏераш а гира царна.
Абросимовна гора, йуьрта тӏе мел туху хӏоъ шайн дегнех чекхболуш санна, баккхий нах, цкъа цӏийлуш, тӏаккха макхлуш, беснаш хийцалуш лаьтташ. Цергашца балдаш къуьйлуш, сихдина цара доьӏучу сино, левсеш санна, сийсадора церан дакъаделла накхош. Церан лазам, цхьа гуш доцчу пхенашца ток санна, дагах бетталора Абросимовна а. Цкъа-шозза тоьхча, совца аьлла подполковнико приказ лур бохуш, хала садетташ Іен иза, собар а кхачийна, тӏехьаьдира цунна.
– Господин подполковник, сацайе и къизалла! – катоьхна пхьарс лаьцна, шегахьа хьовзийра цо иза.
Цецваьлла Абросимовга а хьаьжна, цӏеххьана дӏатоьхна, шен пхьарс