халкъаш лолле дерзор йу. Амма, вукху агӏор, паччахьан правительствон ӏалашо мел догцӏена йацахь а, хӏокху тӏамо гӏо дийр ду Балканера къаьмнаш туркойн феодалийн ӏазапна кӏелхьара маьршадаха а, царна шайн йозуш йоцу пачхьалкхаш кхолла а. И хууш лета вайн салтий доггах. Ткъа вукху агӏор, изза тӏом нохчашна дуьхьал керла козар йу ӏедална. Нохчий туркошна гӏоьнна гӏевттина, церан хьадалчаш бу бохуш, эладита леладо. Цунах тешарш а, цатешарш а хуьлу. Амма цатешачарна а лаац нохчашкахьа гӏо даккха. Кхузара муьлхха а гӏаттам туркошна гӏо хуьлий хаьа. Хӏара паччахь а, цуьнан ӏедал а мел къиза делахь а, цхьана дийнахь а кхузахь туркой хила лаац. Султанан ӏедал кхул а къиза, кхечу динах, къечу къомах хиларна. Килсо а до шен гӏуллакх. Шен делах а, килсах а ваьккхина, ша кхечу дине верзорна а ма кхоьру муьжги. Тӏе, оццу туркойн гӏоьнца нохчаша шаьш ца дайъахь а, кху махкара шаьш дӏадахарна а кхоьру. Ишттачу дуккха а бахьанаша сецор бу кхузара бахархой шух дӏакхетарх.
Овхьада, шен метта охьа а хиъна, куьйгаш стоьла тӏе дехкира.
– Шуна ма хаьа, Петр Данилович, тхуна тхаьшна тӏехь цхьаннен олалла ца дезийла, – элира цо меллаша. – Тхо оьрсийн паччахьна, цуьнан ӏедална дуьхьалдовлар оьрсийн халкъ цадезар, цуьнца мостагӏалла хилар а ма дац. Даим санна, вайн йукъарчу маршонехьа гӏевттина тхо хӏинца а.
– Тхуна и хууш ма ду, Овхьад.
– Шуна-м хаьа-кхий иза, Петр Данилович. И бакъдерг хаа деза гӏалахошна а, массо оьрсашна а. Тхуна хаьа ӏедалхоша а, килсо а нохчашна дуьхьал лело акха пропаганда. Цунах тешна гӏалахой гӏалина гонах чӏагӏонаш йан боьлла. Со кхета, ахь дийцинчу бахьанашна гӏалахойн аьтто бац, герз карахь гӏевттина, тхан гӏо лаца. Кху махкарчу оьрсийн бахархошка тхан халкъах бакъдерг дӏакхетадейша. Дийцийша цаьрга тхоьгара къиза хьал, тхан а, церан а кхоллам а, сатийсамаш а, ӏалашонаш а цхьаъ хилар. Нагахь гӏала дӏалаца тхан аьтто нислахь а, царна цхьа а тайпа кхерам цахиларах кхетабейша уьш. Тхо оьрсийн халкъана дуьхьал ца гӏевттина, ткъа паччахьан ӏедална дуьхьал гӏевттина, оха машаречу бахархошца, зударшца, берашца, къеначаьрца ца бо тӏом, ткъа паччахьан эскаршца бо.
Хӏокху къоначу стаге а хьоьжуш,