Ваьш йуха хьешийта лаьттахь
Болий вай йуха а гӏаттам?
Хӏан-хӏа! Сан доттагӏий, харжа –
Толам йа къийсамехь Іожал!
Ш. Петефи. Эшаман эхь
Лоха тхов, кегий кораш долчу ӏеламханан цӏенойн хьешан цӏа чохь поппаран маьнги тӏе а, цӏенкъа а тийсинчу кузашний, истангашний тӏехь, морзах бохуш, когаш чуччубоьхкина а, настарш тӏе хевшина а, луьстта тарвелла ӏара ткъех стаг. Пенаца лаьцначу уьна тӏе хӏоттийначу шиша диллинчу чиркхо башха йоккха серло ца лора. Чохь мел бурко йелахь а, тӏера чоэш дӏа-м муххале ца дохура наха, атталла гӏовталийн логера ветанаш а ца достура.
Диллинчу жимачу корехула чухьоьжура йекхначу стигалахь седарчашна кӏелхула дӏашерша беттан ах.
Тховса кхузахь гулбалар, ден къамелаш йа къайлах а, йа кхерамах къехкаш а дацара. Ӏаьлбагца Симсара йухабевллачу наха, бӏаьрса санна, леррина ӏалашйора йурт. И бӏе гергга суьйлий а, оццул нохчий а кийча бара, шайна чохь синош а долуш, йуха ца бовла. Ӏаьлбаган гӏоьнчаша омра динера, арахьара стаг, иза имаман йиша-вешех велахь а, йуьрта а ма вита, йуьртах ара цхьа а стаг а ма валийта аьлла.
Баьрччехь маьнги тӏехь моггӏара хевшина бара Солтмурддий, Хьуьси-Хьаьжий, Салатаверчу йартийн – Диламан, Алмакхан, Буртӏанайн, МиатІлан – векалшший. Цӏенкъахь хьалхарчу могӏара хевшина Іара Сулиман, Янгӏулби, Гӏубха, Тозуркъа, Къосам, Нурхьаьжа, царна тӏехьа – кегийрхой.
Кегийрхошна йукъахь настарш тӏе лахвелла ӏачу ӏаьлбагна тӏехьа ирахьлаьттара цуьнан вежарий: ӏеламха а, ӏала-Мохьмад а, ведда веана салти Елисей а. Цӏа чу гулбеллачу нехан йаххьаш цхьаболчийн кхоьлина, кхечеран дера йара тховса. Ӏаьлбага кхайкхина кхуза балийна лулахойн векалш, имамна йуьхьадуьхьал хьовса бехк хеташ, месалчу куйнаш кӏелхьара бӏаьргаш цӏенкъа а боьгӏна, дӏатийнера.
– Шайн букъа тӏехьа лаьтташ паччахьан эскарш ду, боху аш? – болатах декара ӏаьлбаган аз. – Ткъа тхуна дош лучу хенахь ойла ца йинера аш цуьнан? Дегӏастанахь цхьа а салт вац, моьттура шуна? Шун цигахь къонахий лоручу наха Жапар-Хана, Маьхьтабека, Батӏалбека, Муртаз-ӏелас, къеначу ӏабдурахьмана, тхо гӏевттинчу дийнахь шаьш Дегӏаста гӏаттор йу аьлла, делла дош-м хьехор а