доттагӏашца дийцина моьттуш, ӏийнера со. Амма, шун тхьамданех тешна, со гӏалатваьлла хилла!
– Вовшийн бехкаш ма леха вай, ӏаьлбаг-Хьаьжа, – маслаӏатна йукъавуьйлира Солтмурд. – ДІадаьлларг нислур дац вайга.
– Оха хӏун дан лаьа хьуна, ӏаьлбаг-Хьаьжа? – вистхилира хӏетталц тийна ӏен алмакхойн векал. – Тхайгахьара хуьлу гӏо дан кийча ду тхо.
Мусакхайс дийцинчу бакъдолчо кӏадвина Іаьлбаг гӏеххьачул дохковелира ша хьешашка шого вистхиларна.
– Бехк ма биллалаш суна, Мусакхай, – кӏедо вистхилира иза. – Сайн хӏусамехь хьешашка иштта къамел дан декхар дацара сан. Делахь а, вай айъинарг вайн массеран йукъара гӏуллакх хиларо а, цунна тӏехӏоьттинарг хала киртиг хиларо а со декхар во хӏусамден декхарш тӏаьхьататта. Амма халахета шун тхьамданаш шайн дашах бохар. Ворхӏе дайшкахь дуьйна схьа, шун деэшча, даим шуьга гӏоьналлин куьг кховдийна оха. Мацвелла, тхайн махка, тхайна йукъавеанарг вузийна. Шун элийн къизаллех ведда, тхо долчу иккхинарг букъа тӏехьа лаьцна. Аш, орца аьлла, цкъа мохь тоьхча, шолгӏа и ца тохуьйтуш, шуна гӏоьнна дӏакхаьчна. Тхуна шу а хилла иштта. Амма кху некъехь шайн дош ца лардин аш…
– Дӏадевлларш ма хьехадехьа, ӏаьлбаг-Хьаьжа, – элира Солтмурда йуха а.
– Дегӏастанахь гӏаттам болийча, кхиаме догдохуьйла хуьлура вайн, – цуьнга дӏа а ца хьожуш, йуха а долийра ӏаьлбага. – Цуьнга догдохуьйла а дӏайолу. Хӏинца йерриг дегайовхо шух йоллу, Мусакхай. Нагахь тхан лулара шун йарташ хӏокху шина-кхаа дийнахь гӏовттахь, Хаси-Юьртара эскар аш тхуна новкъара доккху. Нагахь Іаьндахь вайн догдохийлаш кхочушхилахь, Дегӏастанара схьа Чӏебарла далийначу эскарех ах йухадига дезар ду ӏедалан. Нохчмахкара вайна тӏаьхьа ца хӏиттинчу йарташна моьтту шаьш Іедалан таӏзарх кӏелхьарйовлу. Амма инарла Вистуно къиза стаг ву, боху. Иза шайна тӏехь таІзар дан волахь, и йарташ а цергаш йохказа ӏийр йац. Нагахь вайга цхьана баттахь дуьхьало йалахь, Дегӏаста йерриг гӏаттаре дог а доху ас. Цундела, Мусакхай, нагахь шайна тхо хӏаллакьхила ца лаахь, кху шина-кхаа дийнахь шайн йарташ гӏовттайе. Сан дехар ду тхайн лулахошка, суьйлашка, шаьш дендерг, шалхо йоцуш, схьаалар.
Вуьшта а бехкалбаханчу