ӏийна хилар. Ши бутт бара ӏаьлбаг шен зудчуьнга леррина хьажаза. Ткъа оцу йоццачу хенахь дуккха а хийцамаш хиллера Зезагӏазан йуьхьа тӏехь. Бӏаьргашна гонах Іаьржа хӏазарш хӏиттина, ткъа царна шиний агӏор гиччошкахьа дуткъий хебарш дийшина. Ӏаьлбаган дегӏе зуз хьаьдира, зудчун гиччошлахь масех кӏайн чо гича. Зезагӏазан ткъе кхоъ шо бен дац. Ӏаьлбагал кхо шо жима йу иза. Хӏетте а, кӏайн чоьш гучудийлина цуьнан гиччошкахь. Ванах, ӏаьлбагехь болчул а тӏех бала бу-те цуьнан кийрахь? Цхьаьнгге а балхо йиш йоцуш, кийрахь къуьйлуш?
«Хӏун хир-те шуьшиннах? – дагаиккхира ӏаьлбагна. – Вайх массарех а?..»
Хӏинццалц башха ойла ца йинера цо шен кӏант цахиларан. Церан ден хӏорш йалх кӏант вара, цхьа а йоӏ йоцуш. Цундела, вежарех муьлххачунна а йоӏ йича, боккха кхаъ хуьлура царна. Хӏинца кийра ша бижира ӏаьлбаган. Цхьа йоӏ бен, кхин бер дац цуьнан. Тӏаьхье йоцуш вовр ву иза…
Ӏаьлбага доккха даьккхинчу сино самайаьккхина Зезагӏаз, кхерайелла, мохь аьлла, цӏеххьана кӏегара хиъна, къаьрззина майрачуьнга хьаьжира. Тӏаккха, хьала а иккхина, ӏаьлбагах хьаьрчира. Букъа тӏехьахула пхьарс бахийтина, иза маракъевлича, ӏаьлбагна хааделира шен некха тӏе таӏийна цуьнан дог сихделла детталуш. Тӏаккха йуткъий белшаш йего йолийра. Зезагӏаз тата доцуш йоьлхура…
– Ахь хӏун до, Зезагӏаз? – ӏаьлбага цуьнан коьртах дайн куьг хьаькхира. – Цкъа а ахь цадинарг ду-кх хӏара.
– Вон гӏан гуш йара со…, – дегочу озаца жоп делира зудчо.
– ГІенаш-м хьесапе дацара. Гӏенах ца гуш хӏун дуьсу. Дика а, вон а. Йало, охьайижа.
– Хьуна йуург лой ас? – майра дӏахийцира зудчо. – Хаза шийла йетшура а, йовха сискал а йу.
– Ца оьшу. Охьа а йижий, садаӏа. Ас жимма болх бо.
Ӏаьлбага схьадаьстина герзаш а, чоа а, схьаэцна, пенах тоьхначу хьостамех хьалаоьхкира зудчо. Когара кӏеда маьхьсеш дӏа а йаьхна, куй кора тӏе а кхоьссина, жайнаша дӏалаьцначу баьрччерчу пена тӏе вахара ӏаьлбаг. Лахарчу терхи тӏера цӏена тептар а, кхийран шекъадуттург а, эрзан къолам а эцна, чиркх кора тӏе а хӏоттийна, маьнги тӏе ваьлла, настарш кӏелхьарчош, охьахиира иза. Тховса масех кехат йаздан дезара арентӏарчу йарташка, ӏедало хӏокхарна дуьхьал вовшахтоьхначу нохчийн