Эвла чу а ца воьрзуш, гӏашлойн некъашкахула йуьстахйетташ, боккхачу новкъа а ваьлла, хьешаца дукъах охьавелира Болат.
Некъ цкъацкъа лекхачу, йуькъачу хьуьна чу булура, тӏаккха керла аьхначу сизакхна уллохула болура. Хӏинца а хьаннаш кхоччуш гӏа даьлла йовлаза йелахь а, баьццара йара хӏара рагӏ. Кхаш дерриг аьхна ца девллехь а, тахана ца хезара ахархойн маьхьарий. Аьхна довлазчу ирзошна тӏехь, хорша дӏа а херцийна, Іохкура дечиган нахарш.
– Охана дина ваьлла хьо, Болат? – хаьттира ӏаьлбага.
– Ваьлла. Дукха меттиг а йацара тхайниг.
– Хьуна кха деллий кхузахь?
– Хӏан-хӏа. Мичара ло иза? ДІо басара ножан лекха хьун йолу меттиг гой хьуна? Иза къастийна суна. Иза хьакха ницкъ ма бац сан. Аьрзун, ӏелин кӏентий анда а бовлийтина, тӏаккха цхьаъ дийр ду-кх.
– Шела дӏа ца ваха ойла сецна хьан?
– Шелий? ДІа-м гӏур ву мацца а цкъа.
– Цигахь гергара нах буй хьан?
– Цӏийнан нах хилар бен, гергара, шича-маьхчалахь стаг вац. Винчу йуьрта, дай баьхначу метте бохуш, дІагӏертарг хир ву-кх. Воккхахиллалц Маккхалий, ӏелассий ца вахийти. ЦІа-цӏе, бахам тарбина, вохуьйтур ву бохуш. Цара бохург герга ма-кхеччинехь, и шиъ, лаьцна, виги. Схьахетарехь, кестта хир дац сан винчу йуьрта верзар. Нагахь, цигахь рицкъанаш кхачийна, ӏелий, Маккхаллий цӏа а веана ца хилахь. Аьрзун кӏентан шийтталгӏа шо бен дац. Ӏелин воккхачу кӏентан ӏумаран хӏинцца вуьрхӏитталгӏа доладелла. Хӏан-хӏа, ӏаьлбаг, уьш баккхий а хилийтина, царна зударий а балийна, баха ховшийний бен, царах къаьстийла дац сан. Айза а, Эсет а гӏорасиз йуьсу.
– Маккхалан доьзал хӏун йу?
– Кӏант, йоӏ ду-кх. КІентан пхи шо ду, йоӏ, хӏинцца ког боккхуш, хьаьдда-йедда лела. Маккхалан стунвежарша доладо шейн йишин берийн. И дӏогара мекха баьккхина, шардина ирзо Маккхалан ду. Уьш ца хиллехь, шина бераца Ковсар а йуьсур йара сан кочахь.
– Шела сих-сиха воьдий хьо?
– Воьду, дера.
– Кегийрхой дукха бевзий хьуна цигара?
– Дукха-м ца бевза, делахь а, дикка бевзарш-м бу сан.
Ӏаьлбага Шелах лаьцна хеттарш стенна до-те аьлла, цецвелира Болат. Ткъа важа, хаттар а дой, вехха ойла йеш соцура.
– Мӏаьчига дийний шен кха?
– Дийна, дера. Цой, Васалий,