совгӏатна белла мохк. Оцу къийсамехь Адин Сурхос байъира Мусост а, цуьнан вежарий а. Элан Мусостан олалла а дожийна, йуьртахошна маршо а йаьккхина, Сурхо цӏа веача, дуьхьалйеара цуьнан къена нана. Кӏант мара а къевлина, мерза барт а баьккхина, курра мохь туьйхира Сурхон нанас:
– Хьо санна воцу кӏант ва нанас ма волда,
И вича, ма кхиа, хӏара латта ва хьеша!..
Кхуза гулбеллачу наношний, берашний дуьххьара ца хезнера бӏаьрзечу Хьамзатан и илли. Амма тахана иза цхьа шатайпа декара. Оцу иллино, цунна тӏаьхьа бекачу пондаро халкъана шайн кӏентий боьхийла хиира наношна. Оцу иллино, цунна тӏаьхьабоьлхучу пондаро шаьш даймахкана дӏадоьхийла хиира хӏетта маж-мекх дала гӏертачу кхиазхошна. Ткъа бӏаьрзечу Хьамзата шен илли дерзийра:
Паччахьан ӏедало маршонах даьхна вай,
Паччахьан ӏедало махкаха даьхна вай.
Вайн дайша, хьун хьокхуш, дендина ва ирзош
Шен къизчу йалхошна совгӏатна декъна цо.
Ламанан баххьашкахь, шерачу аренгахь
ТІулган гӏаьпнаш ва йоьгӏна, эскараш оьзна цо.
Гуш йоцуш гӏоьмаш йу вайн когех, ва куьйгех,
Даймохк бу кхойкхуш шен майрачу кӏенташка,
Ша ларбе, боху цо, мостагӏийн къизаллех!..
– Хӏейт, гор, Хьамзат, йаІ! – хІетта тӏевеана, ладоьгӏуш лаьтта Къосам, Хьамзата илли дерзийча, гонна йукъаиккхира. – Тохал цкъа тӏараш, кӏентий! Хелхаран бал баккхий вай!
Вешан мохк, хьомсара йарташ.
Сийлахь халкъ, йиша-ваша лардан,
ГІовттур вай, турпала кӏентий.
Маса дой хьалха дӏахеца,
Хӏумма а, дац дуккха а эгарх,
Толам вай боккхур бу эххар!
Вайна дахар лолда-кх кхоьллинчу вайн Дала.
Ва лата мел луучун леташ кайолийла,
Ва кӏилло веддачун уьдуш садолийла!
Тӏараш туьйхира кегийрхоша. ТІараш туьйхира наноша а. Хелхахьаьвзира чеччалхойн Боьртӏаган Къосам. Цкъа буьхьара байн го хьош, тӏаккха дӏаьндаргах хьаьвзаш. Зезагна гонах байн полла санна, цуьнца хелхашершира жимачу Марванан нана Дети.
…Боьлхура, боьлура бӏаьрзечу Хьамзатан дечиг-пондар. Цо наношка кӏентий боьхура даймахкана. Цо халкъан кӏентий кхойкхура маршонехьа къийсаме.
…Хьовза хьо, Къосам, ког шаршабе ахь, Дети! Ӏожалла-м йу гергагӏерташ. Гобаьккхина. Амма вай чІеӏар дац цунна хьалха. Иштта, курра кортош а айъина, хелхаршца, иллешца, эшаршца хӏуьттур ду вай цунна хьалха. Маршо йа Іожалла!
Шиннах цхьаъ. Кхин некъ бац…