ду, уьш ма хьийзабе, бита уьш шайн лаьмнашкахь къахьега, шаьш халла йаьккхина сискал паргӏат йаа аьлла.
Цецваьллачу Исмаьӏала сихбина бӏаьргаш беттара.
– Ткъа тхох лаьцна бакъдерг хӏинццалц цхьаммо а ца аьлла? – дакъаделлачу балдех мотт хьаькхира Исмаьӏала.
– Аьлла. Амма цхьакӏеззигчара бен ца аьлла.
– Хӏунда?
– ӏедалх кхоьруш. Цхьанне а ма ца лаьа, шуьгахьа гӏо а даьккхина, Сибрех ваха йа шен гӏуллакхах воха.
– Хьо ца кхоьру ткъа?
– Кхоьру. Амма даим массо а кхоьруш ӏийча, цкъа а харцо дӏайер ма йац. Шу санна, ӏедална дуьхьал гӏевттина тхан муьжгий а ма бойъу. ЦІенош а дагадо церан, ирхъухку, Сибрех хьийсабо. Тхан халкъ а ма ду Іазапехь, иза а ма дац маьрша: паччахь а, ӏедалан хьаькамаш а, тхо санна, оьрсий белахь а, шун а, тхан муьжгийн а цхьа Іалашо ма йу – харцонна дуьхьал къийсам. Шу тоьлча – уьш тоьлу, уьш тоьлча – шу а тоьлур ду. Шун а, церан а кхоллам вовшехбозуш, цхьаъ ма бу.
Исмаьӏал вехха ӏийра, куьйга корта а лаьцна, товханехь йогучу цӏере хьоьжуш.
– Хьан оцу накъостан а йуй иштта ойла? – хаьттира цо, цӏеххьана схьа а вирзина, неӏарехьа корта а ластош.
– Йац.
– Кхечу эпсарийн?
– Цхьа кӏеззигчийн.
– Салтийн?
– Дукхахболчийн дог лозу шух, амма хаийта бахьац.
Цхьана йукъана тийналла хӏоьттира цӏа чохь. Товханахь йогучу цӏеран серлонан меттанаш ловзура пенаш тӏехь. Шиша доцчу чиркхо кӏезиг серло лора. Махо раздохуш, татанашца коран цхьаболчу ангалин цхьана бӏаьргех деттара, серий санна, охьадогӏу догӏа. Оьгӏазе летара хийра адамаш хааделла гонахара жӏаьлеш.
– Шун эвлара дукха баханий Іаьлбагна тӏаьхьа?
– Ткъех стаг.
– Хьо хӏунда ца вахана? Гӏевттинчех дог а лозу хьан, хӏетте а цІахь ву?
Цергашца Іаьвдина, бухара балда кӏайдира Исмаьӏала.
– Со боьрша воцу дела, – кӀоршаме вистхилира иза. – Къонах ӏийр вуй ткъа, халкъана тӏе бохам беача, цӏахь зударшна йуккъе а хиъна?
– Иштта-м дац хир дара иза, – йухахьовзо гӏоьртира ша цуьнан деган чевнах хьакхавеллийла хиъна Абросимов. – Цхьа бахьана ду-те аьлла, хаьттира ас-м.
– Бахьана!.. Цхьацца бахьанаша хӏаллакдеш ду тхо-м, – схьаэцна, дечган гал товхана йахийтира цо. – Дехачу меттанаший, эладитанаший… Гой хьуна, йуьртан молла Нуркиша тхан ден шича ву.